a Аюб 28:28; Забур 110:10; Кицанаш 1:7.

‏ Proverbs 9

Хьекъалалла а, сонталла а

1Хьекъалалло, шена цӀа а дина, ворхӀ бӀогӀам а хьаькхна, уьш дӀахӀиттийра. 2Дийнатна урс а хьаькхна, чагӀар а доьттина, цо пхьор охьахӀоттийра. 3ГӀалин уггар лекхачу меттера мохь туххуш дӀаалийта шен ялхой бахийтира цо: 4«Бодане верг кхуза схьавола!» Хьекъалх эшна болчаьрга а боху цо: 5«Схьадуьйла, даа сан бепиг, мала ас даьккхина долу чагӀар. 6Дита шайн бодане лелар, тӀаккха шу дехар ду. Кхетамечу новкъахула лела дуьйлало».

7Кхаьрдаш верг нисван гӀертахь, цо хьуна кхиссарш йийр ю. Ӏесачу стагана тӀехтохам бахь, цо хьо нахала воккхур ву. 8Цундела нахах кхаьрдаш волчух бехк ма баккха – цуьнан хьоьга цабезам кхоллалур бу. Амма ахьа хьекъал дерг нисвахь, цуьнан хьоьца ларам хир бу. 9Хьехар де хьекъал долчунна, цуьнан хьекъалалла кхин а совдер ду. ДогцӀена долу стаг Ӏамаве – цуьнан хаарш кхин а алссам хир ду.

10 aВезачу Эле ларамах вуьзна хилар – иза хьекъалаллин юьхь ю, ткъа Веза Дела вовзар – иза кхетам бу. 11Хьекъалалла долчу соьгахула хьан оьмар а яхлур ю, хьан дахаран шераш а совдевр ду. 12Хьо хьекъале велахь, хьуна пайда бахьар бу оцу хьекъалалло, амма хьо кхаьрдаш велахь, оцу кхардаро хьуна зе дийр ду.

13Сонталла чӀогӀа аз долуш йолу зуда санна ю. Иза бодане ю – цунна хӀумма а ца хаьа. 14Шен цӀенна чуволучу меттехь, гӀалин уггар лекхачу меттехь, гӀанта тӀехь Ӏаш ю иза. 15Цо шена уллохула тӀехбуьйлучу а, нийсса шайн новкъахула дӀабоьлхучу а нахе мохь бетта: 16«Со йолчу схьавола, бодане волу массо а стаг!» – бохуш. Хьекъална кӀорге боцучаьрга а цо боху: 17«Лачкъийна долу хи а мерза ду, къайлаха доу бепиг а мерза ду». 18Ткъа царна ца хаьа, цуьнан цӀа чохь белла нах буйла а, цо схьакхайкхинарш беллачу нехан дуьнен чу биссина буйла а.
Copyright information for CheCAC2012