Proverbs 1
Кицанийн мехалла
1 aХӀорш исраилхойн паччахь волчу Даудан кӀентан Сулим-паччахьан кицанаш ду. 2Церан Ӏалашо ю адамаш хьекъалалле кхачийтар а, уьш Ӏамийна хилийтар а, иштта уьш хьекъалечу дешнех кхеташ хилийтар а. 3Уьш яздина ду, адамашна кхетам а, нийсо а, бакъдерг а, догцӀеналла а Ӏаморхьама. 4Уьш яздина ду боданечу нахана хьекъал далархьама а, ткъа къоначийн дика-вон къасто таро хилийтархьама а. 5Хьекъал дерг ладугӀуш хуьлийла, шен хьекъал совдоккхуш а хуьлийла, ткъа кхетам болу нах шайн дахаран новкъахула дӀабуьгуш хуьлийла. 6ХӀара дешнаш яздина ду, кицанаш а, хьекъале дийцарш а къастадайтархьама а, хьекъалчийн дешнех а, церан хӀетал-металех а кхетийтархьама а.Къоначарна бина хьехам
7 bКхетаме кхачархьама, адам уггар хьалха Везачу Эле ларамах дуьзна хила деза. Амма сонтачу адамаша дӀатотту хьекъалалла а, шаьш нисдар а. 8ЛадогӀа, сан кӀант! Хьайн дас дечу хьехаре ладогӀа, нанас дина весеташ а дӀа ма татта, 9хӀунда аьлча иза исбаьхьа таж ду хьан коьртана, хьан коча охка хаза туьтеш а ду. 10Сан кӀант! Шайна тӀехь къинош долчу наха хьо шайна тӀеозавахь, къар ма ло. 11Цара хьоьга иштта ала мега: «Вало тхоьца, цхьаннан цӀий Ӏано кӀелховшур ду вай. Цхьа а бахьана доцуш, бехк боцург вен кӀело йийр ю вай. 12Эхарто дийна берш дӀакхалларе терра, кошо могуш берш хӀаллакбаре терра, вай дийна боллушехь дӀакхоллур бу уьш. 13Ваьшна деза мел долу хӀума схьагулдийр ду вай, вешан цӀенош хӀонсах хьала а дузуш. 14Тхох схьакхета, тӀаккха и хӀонс вовшашлахь цхьатерра йоькъур ю вай». 15Сан кӀант, цу нахаца дӀа ма гӀолахь, церан лорах дӀавахарх ларлолахь, 16хӀунда аьлча церан когаш вониг долчу дӀауьдуш бу, уьш цӀий Ӏано сихбелла а бу. 17Олхазарийн бӀаьргашна хьалха речӀа хӀоттор эрна ду – 18амма уьш санна болу нах шаьш-шайн цӀий Ӏанорна кӀелховшу, шайн дахарна кӀело а йо цара! 19Иштта ду харцонца шена са лоьхуш мел волчун некъаш: и са шена йоккхуш волу хӀора а стаг шен дахарх вер ву.КӀорггачу хьекъалаллин кхайкхар
20 cКӀорггера хьекъалалла урамнекъашкахь кхойкхуш ду, цо майданашкахь шен аз ойу, 21адам гулделлачу меттигашкахь а, гӀалин кевнна чуволучу меттехь а къамел до цо: 22«Мел безар бу шуна, бодане адамаш, и бода? Мел ханна хир бу кхаьрдарш шайн кхардамах баккхийбеш? Мел хир бу хьекъал доцурш хаарш ца дезаш? 23ТӀедерза ас шаьш нисдарна! Аса сайн дагахь дерг шуна хьоьхур ду, сайна хуург дерриг а шуна дӀалур ду. 24Аса шуьга дуьйцура, амма аша соьга ла ца дуьйгӀира. Ас сайн куьг шуьга дӀакховдийра, амма соьга ладугӀуш стаг вацара. 25Ас шайна дина хьехарш аша дӀатеттира, ас боху нисдар аша тӀе ца ийцира. 26Цундела со а кхаьрдар ду шуна тӀедеанчу вонах, со доьлуш хир ду, шу Ӏадийна дӀахӀиттича – 27шуна тӀе, йочана санна, даккхий зенаш даьхкича, шайтӀанан мох санна, шуна вон тӀедеача, шу гӀайгӀане, сингаттаме хилла, дӀахӀиттича. 28ТӀаккха кхойкхур ду шу соьга, амма суна хезар дац. Массанхьа а со лохур ду аша, амма со карор дац шуна, 29шуна хаарш ца дезна дела а, Везачу Эле ларамах дуьзна хила шуна ца лиъна дела а, 30иштта ас шайна дина хьехарш аш дӀа ца эцна дела а, ас шайга мел белла тӀехбеттамаш дӀа а тоттуш. 31И дерриг а бахьана долуш, цара шаьш дӀакхехьна болчу некъах бен пайда оьцур бац, шайн дагахь долчух бузур бу уьш. 32Боданера нах хӀаллакьхуьлу, хьекъалаллех уьш дӀаберзарна. Сонтанаш бойъур бу, шаьш-шайх тоам бина уьш леларна. 33Амма соьга ладоьгӀнарг, паргӀат а волуш, цхьана а агӀор кхерам а боцуш, вехар ву, зуламах а ца кхоьруш».
Copyright information for
CheCAC2012