Proverbs 11
1Нийса ца узу терза Везачу Элана ца деза, ткъа нийса узуш долу терза Цунна тамехь ду. 2Куралла йоьссича – юьхьӀаьржачу хӀутту, ткъа эсала болчаьрца хьекъалалла хуьлу. 3Шайн хьаналло догцӀена берш дахаран новкъахула дӀабуьгу, ткъа шайн сийсаздаккхаро тешаме боцурш хӀаллакбо. 4Бекхам бечу дийнахь хьоло гӀо дийр дац, амма нийсоно Ӏожаллех кӀелхьарвоккхур ву. 5ДогцӀена болчеран нийсоно царна нийса некъ боккху, ткъа Ӏесачу нехан Ӏесалло уьш охьаоьгуьйту. 6Бакъахьа лелаш верг шен нийсоно кӀелхьарвоккхур ву, амма мекарниг шен Ӏесачу лаамо дӀалоцур ву. 7Ӏесачу стеган дӀакхалхарца цуьнан сатийсам а дӀаболу, иштта зуламе стаг хьоьжуш дерг а дӀадолу. 8Дика стаг баланех кӀелхьарволу, цуьнан метта цу балано Ӏеса стаг дӀалоцу. 9Шен къамелашца Ӏесачо шен уллорачунна бохам боккху, амма Делан лаамехь волу стаг шен хьекъалалло кӀелхьарвоккху. 10Хьаналчу стеган аьтто хилча, ерриг а гӀала йоккхаеш хуьлу, ткъа Ӏесачу стеган валарх массарна а ловзар хуьлу. 11Дикачу наха декъалъяр бахьана долуш гӀалин аьтто боккху, амма Ӏесачу нехан къамелашца гӀалина бохам боккху. 12Хьекъал кӀезиг долчо шена уллораниг емалво, амма хьекъал долчо вист ца хуьлуш собардо. 13Мотт бетташ лелачо шега дийцинарг дӀасадаржадо, амма тешаме волчо къайле дӀахьулйо. 14Куьйгалла ца тоьуш хиларна, халкъ хӀаллакьхуьлу, амма хьехамчаш дукха хиларо халкъан аьтто боккху. 15Шена бала бо кхечу стагах дош делла волчо, амма цу тайпана дош далар шена тӀе ца оьцуш волчунна кхерам бац. 16Эсала йолчу зудчо шега ларам кхоллаболуьйту, ткъа къизачара шайна хьал гулдо. 17Къинхетаме волчу стага шен дагна синхьаам хуьлуьйту, ткъа къизачу стага ша хӀаллакво. 18Ӏесачу стага йоккху ял стаг левеш йоккху, амма, лаьтта тосу хӀу санна, нийсо тосучун совгӀат чӀогӀа лаьтта. 19Нийсо леррина кхочушъечарна дахар карор ду, ткъа зуламаш лелочара шайна Ӏожалла лоьху. 20Везачу Элана ца беза ямарта дог дерш, амма Иза воккхавоь кхоччуш цӀена лелаш болчарах. 21Билггал бакъ ду, вон стаг таӀзар тӀе ца догӀуш вуьсург цахилар, амма дикачу нехан тӀаьхье кӀелхьарйоккхур ю. 22Хьакхин мерах боллу дашо хӀоз санна ю, хаза а йолуш, хьекъал доцу зуда. 23Хьаналчу нехан лаам кхочушхиларо дика кхин а алсамдоккху, амма Ӏесачу нехан сатийсам кхочушхиларо дералла яхьа. 24Комаьрша волчунна кхин а алссам хӀума тӀедогӀу, амма сутара хиларо къоьлла тӀеялайо. 25Комаьрша волчун аьтто боккхур бу, ткъа кхечунна хи малош волчунна а хи малор ду. 26Шен долахь долу ялта шегахь сецош волчунна наха неӀалт олу, амма декъала хир ву ялта дӀадухкуш верг. 27Дика дан кийча верг наха лору, амма вон деш волчунна иза шена юхадоьрзу. 28Шен бахамах тешна верг вужур ву, амма диканиг, керла хьаладаьлла гӀа санна, хьалавер ву. 29Шен доьзална бала бахьаш волчунна яьссалла кхочур ю, ткъа сонтаниг хьекъалалла долчун лай хилла лелар ву. 30Делан лаамехь болчара кхиориг – дахаран дитт ду, хьекъалалла долчо адамийн синош тӀеозадо. aЛаьтта тӀехь а болуш, дикачу нахана царна догӀург луш хилча, Ӏеса а лелаш, къинош летош болчарна цул сов а иза лур ду.31
Copyright information for
CheCAC2012