Proverbs 12
1Ша нисвар дезаш волчунна хаарш а деза, ткъа шена тӀехбеттам бар ца дезарг сонта стаг ву. 2Дика стаг Везачу Эло ша декъалвар лохуш хуьлу, амма мекарчу стагана Цо кхел йийр ю. 3Ӏесалло стаг чӀагӀвийр вац, амма Делан лаамехь волчун бух меттахбер бац. 4Дика зуда шен майрачунна таж санна хуьлу, ткъа шен майра юьхьӀаьржачу хӀоттош ерг – цуьнан даьӀахкаш чохь телхина хӀума санна ю. 5Дикачу нехан ойланаш нийса хуьлу, ткъа Ӏесачу нехан Ӏалашонаш ямарта хуьлу. 6Ӏесачу наха бохург – цӀий Ӏано йина кӀело ю, ткъа бакъахьа лелачара олучо уьш кӀелхьарбоху. 7Ӏесачу нахана тӀе бохам беанчул тӀаьхьа уьш кхин бац, амма дикачу нехан цӀа чӀогӀа лаьттар ду. 8Стеган хьекъале хьаьжжина, иза хаста а во, амма ямарта дог долу стаг нахана ца веза. 9Дагахь хӀума доцуш, цхьаъ бен ялхо воцуш волу стаг тоьлу, нахана ша чӀогӀа хьал долуш ву а моттуьйтуш, даа хӀума доцуш волчу стагал. 10Дикачу стеган шен хьайбанех а дог лозу, амма Ӏесачу нехан доглазам а къиза бу. 11Шен лаьтта тӀехь къахьоьгучун шортта таро хир ю, ткъа эрна хӀуманаш а лелош, хан йойуш верг хьекъал доцу стаг ву. 12Ӏеса стаг хьоьгург вонаш лелочеран хӀонс ю, ткъа дикачу нехан орамо стом ло. 13Шен харцдешнашца вочу стага шена кӀело йо, ткъа дика стаг баланех кӀелхьарвер ву. 14Шен баганца аьллачуьнгахула стаг дикачух вузу, шен куьйгашца бинчу балхана йоггӀу ял а лур ю цунна. 15Сонтачу стагана шен некъ дика хета, ткъа хьекъал долчу стага кхечеран хьехамашка ладугӀу. 16Сонтачу стеган оьгӀазвахар цу сохьта гучудолу, ткъа хьекъал долчо шена йина вас гучу ца йоккху. 17Тешамечу тешо бакъдерг олу, амма харц луьйш волчу стага бохург бакъ дац. 18Ойла а ца еш, къамел дечун дешнаша, туьро санна, чов йо, амма хьекъал долчун дешнаша дарба до. 19Бакъдолу дешнаш гуттаренна а хуьлу, ткъа харцдерг йоццачу ханна бен дац. 20Вониг дан ойла ечеран дегнашкахь мекарло хуьлу, ткъа машар бан гӀерташ болчарна синкъерам хир бу. 21Дикачу адамашна тӀе цхьа а бохам богӀур бац, ткъа Ӏеса нах вочу хӀуманех тӀехбуьзна хир бу. 22Везачу Элана харцдерг дуьйцурш ца беза, ткъа бакъдерг леладечарна Иза реза ву. 23Хьекъал дерг шен хаарш гучудаха ца гӀерта, ткъа сонтачо шен сонталла гучуйоккху. 24Дукха къахьоьгург кхечарна тӀехь куьйгалла деш хир ву, ткъа малонча, лай санна, къахьоьгуш хир ву. 25Сингаттамо адаман дог таӀадо, ткъа дикачу дашо иза самукъане до. 26Дикачу стагана шена уллорачунна чул дика хир ду, ткъа Ӏеса стаг тилаво шен некъо. 27Малончо шен ижу ца йотту, ткъа дукха къахьоьгуш волчунна шен бахам беза бу. Делан лаамехь волчу стеган некъ дахарна тӀебоьду, цу некъа тӀехь Ӏожалла а яц.28
Copyright information for
CheCAC2012