‏ Proverbs 18

1Ша кхечарах дӀакъастийнарг шена луъург дан лууш хуьлу. Хьекъал мел дерг дӀатотту цо.

2Сонта стаг хӀуманех кхета лууш ца хуьлу – шен хьекъал дӀагайта бен лууш вац иза.

3Ӏеса стаг схьавеача, дола хетар а цунна тӀаьхьа догӀу, ткъа сийсазаллица цхьаьна юьхьӀаьржо а хуьлу.

4Хьекъалалла долчу стеган дош, кӀоргачу хи чуьра санна, схьадолу, цу дешан бух хьекъалаллин татол чуьра хьалаболуш бу.

5Кхел ечу хенахь дика дац Ӏесачу стагана озабезам гайтар, и хӀума дарца хьаналчу стагана нийса кхел ца йойтуш.

6Сонтачу стеган багано дов доккху, цо аьлларг бахьана долуш буй тохар а хуьлу.

7Сонтачу стеган мотт – цуьнан дакъазавалар бу, цо мел олург – цунна хӀоттийна гур бу.

8Эладитане дешнаш мерза даар санна хуьлу. Уьш нийсса адаман кийра дуьссу.

9Балха тӀехь мало йийриг а, хӀуманаш йохош верг а цхьана доьзалера ву.

10Веза Эла – дика йина бӀов санна ву: хьанал стаг, Цунна тӀе кхаьчча, кхерам боцуш хуьлу.

11Хьал долчун бахам чӀагӀйина гӀала санна хуьлу цунна. И бахам шена гонах хӀоттийна боккха пен санна хета цунна.

12Курачу стеган дог, цуьнан вожар хилале, ирхдоьду, ткъа ша лахара хеттачул тӀаьхьа стеган сий хьаладер ду.

13ХӀумане ла а догӀале жоп луш волу стаг сонта ву, цунна тӀе эхь догӀу.

14Стеган сино, иза цомгуш хилча, цу цамгарх тола ницкъ ло, амма доьхна са лалург мила хир ву?

15Хьекъал долчу стеган даго хаарш лоху, шен лергашца хааршка ладогӀа кийча ву иза.

16Стага деллачу совгӀато цунна хьалха некъ дӀабосту, цуьнгахула баьччанашна хьалха хӀотта мегар ду цунна.

17Хьалха вистхилларг массарна а бакъ хета, кхин цхьаъ схьа а веана, шен хаттаршца шеко кхолла волаваллалц.

18Кхаж тасарца къовсам а къастабо, хьалдолчеран дов а сацадо.

19ОьгӀазвахана волу доттагӀа меттавало хала ду, чӀагӀйина гӀала яккхарал а. Вовшашца даьлла дов гӀалин кевнна тоьхначу догӀанал а чӀогӀа хуьлу.

20Адамо аьллачух цуьнан шен са дузу. Шен дешнашкахула мел хилийтинчух Ӏебар ву иза.

21Дахар а, Ӏожалла а стеган маттах доьзна ду. Цундела вистхила дезаш верг аьллачун тӀаьхье тӀелаца а кийча хила веза.

22Дика зуда карийнарг декъала ву. Иза караяр цу стагана Веза Эла резахиларан билгало ю.

23Къен стаг дехар деш вистхуьлу, ткъа хьалдолчун жоп кӀоршаме хуьлу.

ДоттагӀий дукха хиларо вохарна тӀевалаво, амма бакъволу доттагӀа хилча, иза вешил а уллора хуьлу.24

Copyright information for CheCAC2012