‏ Proverbs 21

1Паччахьан дог Везачу Элан карахь ду, хорша чуьра хи санна, Шена луъучу метте дӀахьажо йиш ю Цуьнан иза.

2Шен бӀаьргашкахула стагана дерриг а шен некъаш нийса хета, амма Веза Эла цуьнан дог зуьйш ву.

3Бакъдерг а, нийсо а лелор Везачу Элана тамехь ду, сагӀанаш дохучул.

4Адам сийсаздоккхуш долу бӀаьргаш а, кура дог а – Ӏесачу нехан дахарехь къилахь хӀума ду.

5Хьаналчу стеган Ӏалашонаша иза шортонна тӀе кхачаво, ткъа сиха леларо адам къоьлли тӀе кхачадо.

6Харцлерца гулдеш долу хьал Ӏожалла лоьхучеран сихха къайлайолу Ӏаь санна ду.

7Ӏесачу наха еш йолчу къизалло уьш шаьш дакъазабоху, хӀунда аьлча царна нийсонца лела ца лаьа.

8Харцонца лелаш волчун некъаш галморзаха дуьйлуш хуьлу, ткъа хьаналчу стеган лелар нийса хуьлу.

9Шерачу тхевнна тӀехь сонехь Ӏар гӀоле ду, къийса лууш йолчу зудчуьнца цхьаьна цӀа чохь Ӏачул.

10Вон стаг вонаш лело лууш хуьлу, цо шена уллорачух къинхетам а ца бо.

11Кхечу нахах кхаьрдаш волчунна ахьа таӀзар дича, бодане нах а хьекъалалле кхочур бу. Хьекъал долчунна ахьа хьехар дича, цуьнан хаарш совдевр ду.

12Нийса лелаш волу Дела Ӏесачеран цӀенош тергал деш хуьлу, Цо дакъазабоху Ӏеса нах.

13Мискачара доккху орца хезча, шен лергаш дӀакъовлуш волчунна, цо орца доьхуш мохь хьаькхча, цхьа а стаг цунна орцах вер вац.

14Къайлаха динчу совгӀато оьгӀазалла дӀайоккху. Цхьанна а ца хоуьйтуш беллачу кхоо оьгӀазвахар дӀадоккху.

15Нийсонца йинчу кхело хьаналчу нахана хазахетар дахьа, амма харцонаш лелораш цо къемате кхочуьйту.

16Хьекъал долчун некъа тӀехь тилавелларг беллачеран дуьнен чохь соцур ву.

17Сакъерар дезачунна къоьлла тӀейогӀур ю. ЧагӀар а, токхе кхача а безарг цкъа а хьал долуш хир вац.

18Хьаналчеран метта, бохам Ӏесачарна тӀе богӀур бу, ткъа догцӀеначеран метта, иза тешаме боцучарна тӀе богӀур бу.

19Яьссачу арахь вахар гӀоле ду, къийсаяла а, яппарш ян а луучу зудчуьнца вехачул.

20Хьекъалечун цӀа чохь дика кхача а, деза даьтта а хуьлу, ткъа сонтачо шен ерг а чӀанайоккху.

21Массо а хенахь нийсонца а, безамца а леларна тӀегӀерташ верг дуккха а вехар ву, цуьнца нийса лелар ду, цундела цуьнан сий дийр ду.

22Хьекъал долчуьнга ницкъболчаьргара гӀала а схьаяккхало, церан бӀобулуш хилла долу пенаш а дохало.

23Шен бага а, мотт а ларбечо ша вочу хӀуманах кӀелхьарвоккхур ву.

24Кхечу нахах кхаьрдарг кура а, ша лакхара хеташ а ву. Доза доцуш долчу кураллица лелаш ву цу тайпана стаг.

25Малонча шен лаамаша хӀаллакво, хӀунда аьлча цуьнан куьйгаша болх бан ца туьгу. 26Де дийне мел долу, цу сутаралло са доу цуьнан, ткъа хьаналчу стага шен долахь дерг, кхоа а ца деш, дӀало.

27Везачу Элана ца деза Ӏесачу наха дохуш долу сагӀанаш, уьш мекарлонца дохуш хилча – муххале а ца деза.

28Харцтоьшалла дийриг хӀаллакьхир ву, ткъа дикка ладоьгӀна волчу тешо чаккхенна тӀекхаччалц дуьйцур ду.

29Ӏесачу стага моттаргӀанаш лелайо, ткъа хьаналчу стага ша лелачу некъан ойла йо.

30Цхьа а хьекъалалла а, я кхетам а, я Ӏалашо а лаьттар яц Везачу Элана дуьхьал.

ТӀом болучу дийнахь говр кечйо, амма толам Везачу Элера бу.31

Copyright information for CheCAC2012