Proverbs 22
1Стеган дика цӀе яккхар хьал долуш хуьлучул а деза ду. Нехан ларам детил а, дешил а беза бу. 2Хьал долуш верг а, къен верг а, ишттачу хӀумане хьаьжжина, цхьатерра ву: и ший а Везачу Эло кхоьллина ву. 3Хьекъал долчо, бохам хир бу аьлла шена хетча, цунах ша ларвойту, ткъа бодане нах, нийсса цу тӀе боьлху дела, жоьпе озабо. 4Кхечарал ша лахара а хеташ, Везачу Эле болчу ларамах стаг вуьзна велахь, цунна хьал а, сий а, дика дахар а хуьлуьйтур ду. 5Зуламечу нехан некъашна тӀехь коканаш а, гураш а хуьлу, амма шен дахар дезаш верг цига гӀур вац. 6Жима долчу хенахь Ӏамаде бер нийсачу новкъахула лела – иза, доккха хилча, цу некъа тӀера дӀадер дац. 7Хьал долуш волчо къечу нахана тӀехь олалла до. Юхалург хӀума оьцуш верг и хӀума лучун ялхо хуьлу. 8Зуламан хӀу тосучо бохаман ялта гулдийр ду, ткъа кхечарна цо еш йолу гӀело чекхъер ю. 9Декъала хир ву комаьрша стаг, хӀунда аьлча цо шен кхача къечу нахаца боькъу. 10ДӀалалла шайна уллора нахах кхаьрдарг, иза дӀаваханчул тӀаьхьа вовшашка болу цабезам а, девнаш а, бага еттарш а дӀадевр ду. 11ДогцӀеналла езаш а, маттана шера а хьо велахь, паччахь хьан доттагӀа хир ву. 12Везачу Эло бакъдолу хаарш лардо, ткъа харцнехан дешнаш Цо дакъазадоху. 13Малончо олу: «Арахь лом ду! Урамновкъахь со вуьйр ву!» 14Нахаца лелаш йолчун бага йоккха кӀело санна ю, Везачу Эло неӀалт аьлларг цу чу вужур ву. 15Шен даг чуьра дуьйна бер сонта хӀума дан кийча ду, амма таӀзаран серо цунна тӀера дӀалоллур ду иза. 16Шена са яккхархьама къечу стагана гӀело йийриг а, хьал долчу стагана совгӀаташ дийриг а – и ший а къоьлле кхочур ву.Хьекъале ткъе итт кица
17Хьекъалалла долчийн дешнийн тидам а бе, цаьрга ла а догӀа. Ас хьуна Ӏамор долчун даггара ойла е, 18хӀунда аьлча тамехь хир ду хӀара дешнаш хьайн дагахь латтор а, уьш дӀадийцийта кийча хилийтар а. 19Хьуна ас тахана Ӏамор ду и хьекъале кицанаш, Везачу Элана тӀетевжаш хьо хилийтархьама. 20Ас хьуна ткъе итт хьекъале аьлларг дӀаяздина, хьекъалаллех а, хаарех а дуьзна ма ду. 21Цара Ӏамор ду хьуна нийса а, бакъ а дерг, тӀаккха хуур ду хьуна хьо ваийтинчунна нийса жоп дала. 22Къечуьнгара иза атта хетарна хӀума схьа а ма яккха, кхел ечу меттехь декъазачунна гӀело а ма е. 23Везачу Эло къен болчаьрга гӀо доккхур ду, царна къола динчарна къола а дийр ду Цо. 24Сихха оьгӀазвоьдучуьнца гергарло ма леладе, сиха моха йогӀучарна улло а ма гӀо, 25церан некъаш ца Ӏамархьама а, хьайна гур ца богӀийтархьама а. 26Кхечу стагах дош а ма ло, цуьнан декхарш хьайна тӀе а ма лаца. 27Уьш хьоьга дӀа ца такхалахь, ур-атталла хьайн дӀавуьжу мотт-гӀайба а хьуна кӀелара дӀалоцур бу. 28Хьайн дайша дӀахӀоттийна болу шира шу дӀа ма хилабе. Шен говзалла дика хууш волу стаг гиний хьуна? Цо паччахьашна гӀуллакх дийр ду. Боданечу нахана гӀуллакх дийр дац цо.29
Copyright information for
CheCAC2012