‏ Proverbs 28

1Ӏеса стаг ведда лела, шена тӀаьхьаваьлла лелаш цхьа а воццушехь, ткъа дика стаг, лом санна, майра хуьлу.

2Махкахь адам карзахдаьлла лелачу хенахь, дуккха а куьйгалхой гучубовлу, амма хьекъалалла а, кхетам а болчу куьйгалхочуьнца и мохк лаьттар бу.

3Миска нах хьийзош волу къен куьйгалхо тӀехь хӀума хьалаяьлла долу латта дӀахьош долу догӀа санна ву.

4 Товрат-хьехам кхочушбеш воцург Ӏесачу нахаца ву, амма иза кхочушбеш хьо велахь, хьо цу нахана дуьхьал ву.

5Вон нах нийса долчух ца кхета, амма Веза Эла лохуш берш цу дерригенах а кхета.

6Къен а волуш, кхоччуш цӀена лела стаг тоьлу, гомачу некъаш тӀехула лелаш волчу хьоладел.

7Хьекъал долчу кӀанта товрат-хьехам кхочушбо, ткъа кӀадбоцучарна улло гӀерташ волчо шен да юьхьӀаьржачу хӀиттаво.

8Ахчанна тӀе сов ял яккхарца ахь хьал гулдахь, хьан хьал къечу нахаца дика хуьлучунна дӀакхочур ду.

9Товрат-хьехаме ладогӀа хьан лаам ца хилахь, хьан доӀа а Везачу Элана дегаза хетар ду.

10ДогцӀена верг вочу некъаца туьлуьйтург цо-ша хӀоттийначу гура чу оьккхур ву, ткъа ала хӀума доцучу нахе диканиг кхочур ду.

11Хьалдолчунна ша хьекъалалла долуш ву аьлла хета, амма хьекъал долу къениг цунах доллучух кхетар ву.

12Хьанал стаг куьйгалле веача, массо а воккхавеш хуьлу, амма Ӏесаниг хьалаваьлча, массо а къайлаволу.

13Стага шен къинош лечкъош хилча, цуьнан аьтто хир бац, амма, цо уьш тӀе а лаьцна, ша нийса лелаш цахилар нахана дӀа а хаийтина, уьш дӀатасахь, цунах къинхетам бийр бу.

14Декъала ву Везачу Эле ларамах вуьзна верг, амма вухахьаволучо шена тӀе бала бахьар бу.

15Ӏесачу куьйгалхочо мискачу нахана тӀехь куьйгалла дечу хенахь, иза гӀигӀ деш долу лом а, дера ча а санна хуьлу.

16Хьекъал доцучу куьйгалхочо шен халкъана гӀело йо, амма харц са яккхар цадезарг дуккха а куьйгаллехь лаьттар ву.

17ЦӀий Ӏанийна волу стаг ша велла дӀаваллалц ведда лелар ву. Цхьаннах а цунна тӀетовжийла ма хуьлийла.

18Нийсачу некъа лела стаг баланех кӀелхьарвоккхур ву, ткъа хаа а хууш харцнекъа тӀе ваьлларг цӀеххьана вужур ву.

19Лаьттан дола деш волу стаг меца вуьсур вац, ткъа эрна ойланаш еш лелаш волчунна къоьлла евзар ю.

20Бакъволчу стагана диканиг дийр ду, ткъа хьолана тӀаьхьаваьлла лелаш волчунна бекхам хир бу.

21Кхелахочо озабезамаш бар дика дац. Делахь а, уггар жима кхаъ схьа а эцна, стага къа лато тарло.

22Сутарчу стеган Ӏалашо сихха хьал гулдар ю, цунна ца хаьа, къоьлла шена мел уллохь ю.

23Стагера даьлла гӀалат цуьнга дӀадийцинарг тӀаьххьара а дика хетар ву, мотт хьоькхуш долчу адамал.

24Цхьаболчара дений, нанний къола до: «Иза къилахь дац», – бохуш. И нах, адамаш дойу зуламхой санна, вон нах бу.

25Шена пайда лохуш волчу стага девнаш доху, ткъа Везачу Элана тӀетевжачо дика хьоьгу.

26Ша-шех тешна Ӏаш волу стаг сонта ву, ткъа хьекъалаллица лелаш верг кӀелхьарвоккхур ву.

27Къечаьрца комаьрша волчунна къелла гур яц, амма царна букъ берзош волчо шена неӀалташ гулдо.

Ӏеса нах куьйгалле баьхкича, адам къайладолу, амма, уьш хӀаллакьхилча, хьанал нах куьйгаллехь хир бу.28

Copyright information for CheCAC2012