c Аюб 5:17.
Proverbs 3
КӀенташна бина хьехам
1Сан кӀант! Сан хьехам биц ма бе, сан весеташ хьайн даг чохь а латтаде, 2хӀунда аьлча цара хьан дахаран денош дахдийр ду, дахарехь хьуна беркат а лур ду. 3Безам а, тешаме хилар а хьох цкъа а дӀа ма доьрзийла. Хьайн логах уьш дӀа а хьарчаде, хьайн даг тӀехь уьш дӀа а язде. 4 aТӀаккха Дела а, нах а реза хир бу хьуна, цара хьо къобал а вийр ву. 5Хьайн доллучу дагца Везачу Элах тешна Ӏаш хила. Хьайн долчу хьекъална тӀетевжаш а ма хила. 6Айхьа дӀа мел кхоьхьуш долчу некъаш тӀехь Иза вовза, тӀаккха Цо хьан тачанаш нисдийр ду. 7 bХьайн хьекъалаллех тешна ма Ӏе, Везачу Эле ларамах вуьзна а хила, зулам дарх лар а ло. 8Иштта лелар хьан дегӀана дарбане хир ду, цо хьан даьӀахкашка ницкъ юхабалор бу. 9Везачу Элан сий де хьайн долахь мел долчуьнца. Айхьа мел бинчу белхан дуьххьарлерчу ялтица сий де Цуьнан. 10ТӀаккха хьан кӀа чохь латтош долу цӀа тӀех дуьзна хир ду, ткъа керла чагӀар пхьегӀийн йистошкахула тӀехъоьхуш хир ду. 11 c dСан кӀант, Везачу Эло хьо нисвар дӀа ма татта, Цо хьайна дечу таӀзарна аьрзнаш а ма де, 12 eхӀунда аьлча Шена везаш верг нисво Цо, дас шена дукхавезаш волу кӀант нисваре терра. 13Декъала ву хьекъалалла карийна волу стаг, кхетаме кхаьчна волу стаг. 14ХӀунда аьлча хьекъалалла карадар дети карадарал а деза ду, ткъа цунах дешил а чӀогӀа боккха пайда болу. 15Иза жовхӀарел а деза ду, хьуна мел дезачу хӀуманна юкъахь цуьнца дуста хӀума а дац. 16Хьекъалаллин аьтту куьйгахь дахаран дуккха а шераш ду, ткъа аьрру куьйгахь – бахам а, сийлалла а ду. 17Цуьнан некъаш ирсе некъаш ду, ткъа цуьнан массо а тачанаш машаре ду. 18Иза дахаран дитт санна ду цунна тӀекхиа лууш болчарна. Цуьнан дола деш верг декъала хир ву. 19Хьекъалаллица Везачу Эло латта дӀахӀоттийна,ткъа стигалш кхетамца чӀагӀйина Цо.
20Шен хааршца Везачу Эло кӀорга хиш дӀа а хецна,
мархашка чӀогӀа догӀа охьа а даийтийтина.
21Сан кӀант! Хьекъалалла а, хӀума къасторан хьуьнар а Ӏалашде. Хьайна уллора уьш гена ма довлийта. 22Уьш хьан синна дахар хилла дӀахӀуьттур ду, царах хьан вортанна жовхӀар а хир ду. 23ТӀаккха хьайн некъа тӀехула кхерам боцуш дӀагӀур ву хьо, хьан ког а тасалур бац. 24Хьо дӀавижча, хьуна кхерам хир бац, ткъа хьуна наб кхетча, иза синтеме а йийр ю ахьа. 25Ма кхера цӀеххьана тӀебогӀучу бохамах я Ӏеса нах хӀаллакьхилар хилча, 26хӀунда аьлча Веза Эла хир ву хьан гӀортор, Цо хьан ког гурах а ларбийр бу. 27Шайна диканиг дан догӀучарна диканиг ца деш ма виса, иза дан хьайн таро елахь. 28Хьайн уллорачуьнга ма ала: «Тахана дӀа а гӀой, юхавола, ас кхана лур ду ахьа дехнарг», нагахь санна цо доьхург хьайгахь делахь. 29Хьайна уллорачунна ямартло ма е, хьох тешна иза хьуна уллохь Ӏаш волчу хенахь. 30Бахьана доцуш стагаца дов ма даккха, цо хьайна вон ца динехь. 31Къизалла лелош волчух ма хьега, цуьнан некъех хьайна цхьа а некъ ма харжа, 32хӀунда аьлча мекара стаг дегаза хета Везачу Элана, ткъа Цо хама бо догцӀена болчийн. 33Везачу Элан неӀалт ду Ӏесачун цӀенна тӀехь, амма бакъахьа лелачеран цӀа Цо декъалдо. 34 fКхечу нахах кхаьрдачех Иза а кхаьрда, амма ша кӀезиг хеташ Ӏаш волчунна Шен дика ло Цо. 35Шайгахь хьекъалалла долчарна сийлалла кхочу, ткъа сонтачарна – юьхьӀаьржо.
Copyright information for
CheCAC2012