‏ Proverbs 30

АгӀуран дешнаш

1ХӀара хьекъале а, Делера долу а дешнаш Якхайн кӀентан АгӀуран ду. Итиале а, Укале а дӀадийцина ду хӀорш: 2«Адамах тера а воцуш, сонтачу хьайбанах тера ву со,
соьгахь адамехь болу кхетам а бац.
3Хьекъалалла аса Ӏамийна а дац,
Везачу Делах лаьцна сан хаарш а дац.
4Мила ву, стигала хьала а ваьлла, юхавирзинарг?
Мила ву шен карахь мох сацийнарг?
Мила ву шена тӀекхоьллинчу обанна юкъахь хи сацийнарг?
Мила ву дуьненан доза хадийнарг?
Муха ю цуьнан цӀе? Муха ю цуьнан кӀентан цӀе?
Хьуна хууш дуй иза?

5Делан хӀора дош зийна бакъ ду: Иза Шена тӀевеанчунна турс хуьлий дӀахӀутту. 6Цуьнан дешнашна тӀе хӀумма а тӀе ма тоха, иза ахьа дахь, Цо хьо гучу а воккхур ву, хьо харцдерг дуьйцуш хилар дӀа а гойтур ду».

Кхидолу кицанаш

7Ши хӀума ду ас Хьоьга доьхуш, со валале тӀеэцахьа сан дехар, Веза Эла. 8Даьссаниг а, харцдош а суна гена даккхахьа, суна я къоьлла а, я бахам а ма лохьа, Суна доггӀучул кхачанан дакъа схьадустахьа. 9Суна догӀучул дукха хӀума сан хилахь, со Хьох дӀакъаста мега, «Веза Эла мила ву?» – бохуш. Амма со къен хилахь, аса хӀума лачкъо мега, тӀаккха Хьан цӀе аса бехйийр ю.

10Олахочунна хьалха цуьнан лех лаций вон дош ма ала, цуьнга хьайна неӀалташ ца кхайкхадайта а, хьо цу гӀуллакхна жоьпе ца озавайта а.

11Шайн дайшна а неӀалт боху нах хуьлу, ткъа цара шайн наной декъал а ца бо.

12Шаьш цӀена бехаш бу моьтту нах а хуьлу, ма-дарра аьлча, шайн боьхучух уьш цӀан ца бинехь а.

13Кура а, шаьш лакхара хеташ болу нах а хуьлу, уьш, шайн кортош хьала а айдина, лаккхара хьоьжу.

14Тарраш санна, цергаш йолу нах а хуьлу. Церан моччагӀалш арсаш санна хуьлу. Церан Ӏалашо хуьлу къен нах дӀакхалла а, адамашна юкъара пекъарш цистина дӀабаха а.

15ЦӀубдаран ши йоӀ ю, цара гуттар а боху: «Схьало, схьало, схьало». Кхо хӀума ду, цкъа а дузур доцуш,
«Тоьар ду!» цкъа а эр доцу диъ хӀума ду:
16Иза адаман каш а ду, бер ца хуьлу зуда а ю,
догӀа даре сатуьйсуш долу дакъаделла латта а,
иштта йогуш йолу цӀе а ю, цкъа а «тоьар ду» эр доцуш йолу.

17Цавашарца дега хьоьжуш волчун бӀаьргашна тӀе ломъаьрзунаша зӀакарш еттар ю, ткъа ненан доладар дӀатоттуш волчун бӀаьргаш тогӀин хьаргӀанаша дӀакхоллур бу.

18Сан кхетам тӀе ца кхуьу кхо хӀума ду, диъ хӀума а ду со ца кхеташ: 19стигалахь лелачу аьрзунан некъ,
тархашна юкъахь лелачу лаьхьанан некъ,
хӀорда тӀехула дӀадоьдучу хӀордкеманан некъ,
иштта стеган йоӀе боьдучу безаман некъ.

20Ткъа ямарта хуьлучу зудчун некъ иштта бу: хӀума а кхаьллина, бетах куьг а хьаькхна, цо олу: «Ас цхьа а вониг ца дина».

21Кхо хӀума ду, дуьне дегош долу, цуьнга лалуш доцу диъ хӀума а ду: 22паччахь хилла дӀахӀутту волу лай,
муьлххачу кхачанах вуьзна волу сонтаниг,
23хьалха ца езаш хилла йолу, ткъа хӀинца маре йоьду зуда,
иштта шен хӀусамненан метта оьцуш йолу гӀарбаш.

24Дуьнен чохь йиъ жима хӀума ю, амма уьш хьекъал долчарна юкъахь уггар хьекъал долуш ю: 25кӀезиг ницкъ болуш ду зингатий, амма цара аьхка дуьйна шайна кхача кечбо;
26лаьмнийн дехкий, шаьш нуьцкъала дацахь а, цара херонашкахь шайна Ӏойла кечйо;
27цӀазана тӀехь паччахь ца хуьлу, амма уьш нийсачу могӀаршкахь лела;
28моьлкъа куьйгашца а схьалацало, амма иза паччахьан цӀа чохь а беха.

29Кхо хӀума ду, хаза лелаш долу, майра болар долу диъ хӀума ду: 30лом, акхарошна юкъахь уггар ницкъ болуш долу а, цхьана а хӀуманах ца кхоьруш долу а;
31кура болар долу нӀаьна а, бож а,
иштта шен эскарна коьртехь лелаш волу паччахь а.

32Нагахь, хьо лакха а воккхуш, хьо сонта хиллехь, я зулам дан хьайна ахьа дагадаийтахь, бета тӀехь долчу куьйгаца хьайн вистхилар сацаде! 33ХӀунда аьлча шура лийсаро даьтта кхолларе терра а, мерах тохаро цӀий кхолларе терра а, оьгӀазалла карзахъяккхаро къийсар кхуллу.
Copyright information for CheCAC2012