Proverbs 4
Хьекъалаллех болу пайда
1ЛадогӀа, сан кӀентий, шайн дас бечу хьехамашка, церан тидам а бе, кхетамах шаьш дузийтархьама, 2хӀунда аьлча аса шуна динарг дика весет ду. Сан хьехамаш терго йоцуш ма биталаш. 3Сайн ден кӀант со волчу хенахь, сайн ненан цхьаъ бен воцу, уггар а дукхавезаш волу кӀант со волчу хенахь, 4сан дас суна хьоьхура. Цо соьга олура: «Хьан дагахь лаьттийла сан дешнаш, сан весеташка ла а дугӀуш, ваха. 5Хьекъалалла а, кхетам а лаха. Ас бохург диц ма де, цунна тӀера а ма вала. 6Хьекъалаллина букъ ма берзабе, тӀаккха цо хьо ларвийр ву. Хьекъалалла дезаш а хила, цо Ӏуналла дийр ду хьуна. 7Уггар а коьртаниг хьекъалалла ду хьуна. Цундела иза лаха хьажа. ХӀуъа а хьо лаха гӀортахь – хьекъал каро гӀорта. 8Хьекъалаллин лаккхара мах хадо хьажа, цо лакхавоккхур ву хьо. Хьо цуьнца хилахь, цо хьан сий хьалаойур ду. 9Цо хьан коьрта тӀе исбаьхьа кочар туьллур ду, хьуна сийлаллин таж дӀакховдор ду». 10ЛадогӀа соьга, сан кӀант, дӀалаца ас бохург, тӀаккха хьан дахаран шераш дуккха а хир ду. 11Ас хьуна хьекъалаллин некъ гойту, нийсачу новкъахула дӀа а вуьгу хьо. 12ХӀокху новкъахула дӀагӀо, хьуна новкъарло йийр яц. Хьо водуш велахь, хьан ког а тасалур бац. 13Хьайна дина хьехарш дагахь латтаде, уьш дӀа а ма таса – цаьрца ду хьан дахар. 14Ӏесачу нехан некъа тӀе а ма вала, вочу нехан леларх дӀа а ма тарло. 15Бита и некъ, цунна тӀехь ма лела. Цунна юьстах а валий, уллохула тӀехвала. 16Вочу нахана наб кхетар яц, шаьш зуламе дерг даллалц. Церан наб йовр ю, цара цхьаъ вожаваллалц. 17Цара Ӏесаллин кхача а боу, къизаллин чагӀар а молу. 18Хьаналчу нехан некъ сахилар санна бу. Дийнан серло мел лаьтта, тӀеттӀа серлаболу и некъ. 19Ӏесачу нехан некъ Ӏаьржа бода санна бу, шайн ког стенах тасабелла а ца хаьа царна. 20Сан кӀант, ас бохучун тидам бе, сан дешнашка дикка ладогӀа. 21Хьайн бӀаьргашна хьалхара уьш дӀа ма довлийта, амма хьайн даг чохь латтаде уьш, 22хӀунда аьлча дахар уьш карийначун хир ду, цуьнан дегӀ могуш а хир ду. 23Уггар а коьртаниг – хьайн дог лардар ду, хӀунда аьлча цу чохь хьан дахаран шовда ду. 24Хьайн баганца мекарниг ма дийца, хьайн матте харцдерг ма алийта. 25Хьан бӀаьргаш нийсса хьалха дӀахьоьжуш хуьлийла, цӀоцкъамаш а нийсса хьалха дӀахьажийна хуьлийла. 26 aХьайн когашна хьалхара тача шарде, тӀаккха дерриг а хьан некъаш чӀогӀа хир ду. 27Я аьтту агӀор а, я аьрру агӀор а дӀа ма верза, массо а хенахь зулам дарх а ларло.
Copyright information for
CheCAC2012