‏ Proverbs 5

Нахаца леларх ларваларх лаьцна

1Сан кӀант! Тергал де сан хьекъале дешнаш, дикка ладогӀа сан кхетаме. 2ТӀаккха оьзда муха лела веза хааро хьо ларвийр ву, ткъа хьан балдаша хьекъалалла Ӏалашдийр ду. 3Нахаца лелаш йолчу зудчун багара долу дешнаш мазал мерза а хуьлу, цо бохуш дерг даьттанал кӀеда а хуьлу, 4амма тӀаьххьара а иштта йолу зуда, сагал-буц санна, къаьхьа хуьлу, шинна а агӀор ирдинчу туьрал а ира хуьлу. 5Иза Ӏожаллин новкъахула йоьду, цуьнан гӀулчаш эхарта кхочу. 6Дахаран некъах лаьцна ойла ца йо цо, шен некъ гамбелла хилар даре ца до.

7Ткъа хӀинца, сан кӀант, соьга ла а догӀа, ас бохучунна тӀера а ма вала. 8Цу зудчунна генавала, цуьнан хӀусаман неӀарна улло а ма гӀорта, 9хьайн доьналла кхечарна ца кхачийтархьама а, хьайн дахаран шераш къизачеран кара ца дахийтархьама а. 10Хьан бахам кхечарна кхочур бу, ахьа мел гулдинарг хийрачу нехан кара а гӀур ду. 11Хьан дахаран чаккхенгахь ахьа узарш дийр ду – хьайн дегӀа чуьра гӀора дӀадаьллачул тӀаьхьа. 12ТӀаккха ахьа эр ду: «ТаӀзар суна ма ца дезара! Со нисварх сан дог ма долура! 13Суна ца лаьара сайн хьехархойн аз хаза, цара бохучуьнга аса ла а ца дугӀура. 14Цхьана маьӀӀаргона сан дахар кхоччуш дакъазадолура берриг а гуламна хьалха!»

15Хьайн гӀу чуьра мала хи – хьайн хьостана чуьра арадолуш долу хи. 16Хьан хьостанийн хи урамнекъашкахула дӀасадаржа деза те? Хьан хиш майданашкахула дӀасадаржа деза те? 17И хи хьайн долахь хилийта, кхечун долахь а ца хуьлуьйтуш. 18Декъала хуьлийла хьан хин хьоста. Хьо жима волчу хенахь айхьа ялийначу зудчуьнца зовкх хьоьгийла ахьа. 19Иза, лу санна, исбаьхьа ю, сай санна, хаза а ю. Цуьнан накхоша Ӏабавойла хьо муьлххачу а хенахь, цуьнан безамо дӀалаьцна хуьлийла хьо даим. 20Сан кӀант, кхечун зудчо дӀалаьцна хӀунда хир вара хьо? Нехан зудчун накхош ахь хӀунда марадухкур дара? 21Везачу Элан бӀаьргашна хьалха лаьтташ ду стеган некъаш, адамо мел бо некъ толлу Цо. 22Ӏеса стаг шен къинойн гуро дӀалоцу, цара иза, буржалш тоьхча санна, латтаво. 23Цо хьехам тӀе ца эцарна, иза лийр ву. Шен сонталла йоккха хиларна, иза тиларчу гӀур ву.
Copyright information for CheCAC2012