Proverbs 6
Кхидолу лардарш
1Сан кӀант! Нагахь санна ахьа кхечу стагах жоп деллехь, нагахь санна куьг Ӏовдарца ахь цунах дош деллехь, 2ахьа хьайн дешнех хьайна гур боьгӀнехь, ахьа-айхьа аьллачо хьо дӀалаьцнехь, 3хьо мукъавалархьама хӀара де, сан кӀант, хьайн уллорачун кара хьо вахана дела. Ваха а гӀой, хьо юьхьӀаьржачу хӀотта, айхьа дош делла волчу стаге дехар де, хьо цу дашах мукъаваккха алий. 4Хьайн бӀаьргашка наб а ма яйта, цаьрга са а ма даӀийта. 5Цу гурах мукъа а валий, таллархочух сай санна, дӀакъахка. РечӀанна чуьра мукъадолу олхазар санна, кӀелхьарвала. 6Зингат долчу гӀо, малонча, цо деш долчуьнга а хьажий, хьекъалалла долуш хила. 7Цуьнан я хьаькам а вац, я хьалхаваьлла лелаш верг а вац, я олахо а вац, 8амма аьхка цо шена рицкъа Ӏалашдо, ялта чудерзочу хенахь цо шена кхача гулбо. 9Мел Ӏуьллур ву хьо, малонча, вижина? Маца вер ву хьо наб йина? 10 a«Жимма вижина Ӏуьллур ву со, – боху малончо, – жимма садоӀуш Ӏийр ву, жимма, куьйгаш тӀекӀел а дехкина, Ӏуьллур ву». 11Амма, къу санна, хьо волчу еана схьакхочур ю къелла. Хьан эшар, талорхо санна, деана тӀекхочур ду хьуна. 12Мекара хӀилланча волу стаг, харцдерг а дуьйцуш, вон бага а лееш, лела. 13Цо бӀаьргаш а теӀабо, хичаш а йо, куьйган эшарехь къамел а до, нах лебан гӀерташ. 14Цуьнан даг чохь ямартло ю. Иза массо а хенахь вон ойланаш еш хуьлу, нехан барт а бохош. 15Амма цӀеххьана цунна тӀе бохам кхочур бу. Цу сохьта, дарба а хир доцуш, чӀогӀа кӀелвуьсур ву иза. 16Везачу Элана ца дезаш ялх хӀума ду, аьлча а, ворхӀ ду Цунна дегаза хетарг: 17кура бӀаьргаш а,харцдерг дуьйцу мотт а,
бехк боцучун цӀий Ӏенош долу куьйгаш а,
18шена чохь вон дагалецамаш болу дог а,
вочу хӀуманна тӀебовда кийча болу когаш а,
19кхел ечу хенахь аьшпаш буьттуш волу харцтеш а,
вежаршна юкъахь дов латтош волу стаг а.
Кхечу стеган зудчуьнца леларх ларвалар
20Сан кӀант! Хьайн ден весеташ ларде, ненан хьехамаш дӀа а ма татта. 21Уьш даим хьайн дагах дӀа а дехка, хьайн коча дӀа а хьарчаде. 22Хьо новкъа ваьлча, цара хьуна тӀехь куьйгалла дийр ду. Хьо дӀавижча, цара хьо ларвийр ву. Хьо самаваьлча, уьш хьох дагабевр бу. 23Хьан ден-ненан весеташ – хьуна некъ гойтуш йолу серло ю. ТӀехтохаман нисваро дахаран новкъа воккху хьо. 24Церан хьехамаша хьо, нахаца лелаш йолу зуда йолчу воьдуш, сацаво, шен майра а витина, лелаш йолчу зудчун хазачу хабарех лар а во. 25Цуьнан хазалле хьайн дог ле ма дайта, цуьнан бӀаьргашка хьо йийсаре а ма вигийта, 26хӀунда аьлча кхахьпанан мах баьпкан юьхканчул бен бац, амма нехан долахь йолу зуда бахьана долуш хьо хьайн дахарх а вала тарло. 27Цхьаьнгге а шен четахь догуш долу хаьштиг латталур дуй, шена тӀера коч а ца ягош? 28Цхьа а стаг догуш долчу кӀегашна тӀехула лелалур вуй, шен когаш а ца багош? 29Изза хир ду кхечун зуда йолчу оьхучунна а: цунах дӀа ца къаьхкинарг таӀзар ца хуьлуш вуьсур вац. 30Къуьне цабезам ца кхоллало, цо, меца хиларна шен гай дузорхьама, хӀума лачкъийча. 31Амма схьалаьцначул тӀаьхьа, цо ворхӀазза дукха юхадала деза, шен цӀийнан берриг а бахам дӀабала цуьнан дезахь а. 32Шен йоцучу зудчуьнца лелачун кийрахь дог дац, цу тайпана лелаш волчо шен са а хӀаллакдо. 33Еттар а, юьхьӀаьржачу хӀоттар а кхочур ду цуьнга, цуьнан эхь цкъа а дӀадайина хир дац. 34Нахаца лелаш йолчу зудчун майра дарлур ву, бекхам бечу дийнахь цо шен мостагӀчух къинхетам бийр бац. Цхьа а гӀуда цо дӀаоьцур дац. Шена ло совгӀат мел доккха делахь а, иза товр дац цунна.35
Copyright information for
CheCAC2012