‏ Proverbs 8

Хьекъалалла хастор

1 aХьекъалалла-м дац те и кхойкхург?
Кхетам-м бац те, шен аз ойуш, кхойкхуш берг?
2Иза лакхенашкахь дӀахӀутту, некъаш тӀехь,
некъаш вовшахкхетачу меттехь.
3Цо гӀалин кевнна уллохь кхойкху,
неӀарна чуволучу меттехь:
4«Шуьга кхойкху ас, дуьненан адамаш,
массо а нахе кхойкхуш ду сан аз!
5Хьекъал долуш хила Ӏама, бодане дерш.
Кхетам болуш хила Ӏама, сонта берш.
6ЛадогӀа, хӀунда аьлча ас ала кечдинарг коьртаниг ду,
сан багахула арадовлу дешнаш – цӀеначу дагара ду.
7Сан матто дӀаолуш дерг нийса дерг ду,
ткъа харцдерг алар баганна юьхьӀаьржо ю.
8Сан багахула арадолу массо а дош бакъ ду,
цаьрца я ямартло а, я хӀилла а дац.
9Кхетам берг цу дешнех дика кхета,
иштта хаарш гулдинчунна а уьш нийса хета.
10ДӀаэца сан хьехамаш детин метта,
хаарш харжа цӀеначу дешин метта,
11хӀунда аьлча хьекъалалла жовхӀарел а гӀолехь ду шуна,
лууш долу цхьа а хӀума цуьнца дусталур дац шуна.
12Соьгахь, хьекъалаллехь, хьекъал ду шуна,
ткъа хаар а, къастор а карадо суна.
13Везачу Эле ларамах вуьзна хилар – вониг цадезар ду.
Суна иштта куралла а, ша лакхара хетар а ца деза,
иштта вон некъаш а, харцдерг дуьйцуш йолу баганаш а ца еза суна.
14Соьгахь хьехарш а, нийса долу хьекъал а ду.
Сан хӀума къасто кхетам а бу, соьгахь ницкъ а бу.
15Сан гӀоьнца паччахьаша шайн паччахьалла до,
соьгахула куьйгалхоша нийсадерг билгалдоккху.
16Сан гӀоьнца куьйгалла до элаша а, тхьамданаша а,
иштта нийса кхел ечу массо а кхелахоша а.
17Со дезарш суна а беза,
со лохуш болчарна со карор а ду.
18Соьгахь бу бахам а, сийлалла а,
телхар йоцу хазна а, нийсо а.
19Сан совгӀат уггар а цӀеначу дешил а деза ду,
сох болу пайда цӀеначу детил а дукха бу.
20Со нийсонан некъаш тӀехула лела,
аса бакъдолчун тачанаш лоху.
21Со дезачарна ас хьал ло,
церан хӀусамаш ас хазнех хьалаюзу.

22 bЮьхьанца, Ша дерриг а кхуллучу хенахь,
Везачу Эло со, хьекъалалла, уггар а хьалха кхоьллина.
23Со дӀахӀоттийнера азалехь дуьйна,
юьхьанца, дуьне а кхоллале.
24Со дуьнен чу даьллера, даккхий хӀордаш а хилале,
иштта хи тӀехъоьху хьостанаш а хилале.
25Со дуьнен чу даьлла, лаьмнаш а, гунаш а
шайн-шайн меттигашка дӀахӀиттадале,
26латта а, цуьнан аренаш а, ур-атталла
лаьттан буьртигаш а Цо кхоллале.
27Цо стигал шен метта дӀахӀотточу хенахь, со цигахь дара,
Цо анайистана горга сиз а хьаькхна, боккха хӀорд кхуллучу хенахь а,
28иштта мархаш лакхенгахь кхуллучу хенахь а,
хӀорд чубутту хьостанаш шординчу хенахь а, со цигахь дара.
29Ша омра динччул бен хьала а ца бузуш,
Цо хӀордана шен йистош лучу хенахь а,
лаьттан бух дӀахӀоттийначу хенахь а,
со цигахь дара.
30Со Цунна уллохь дара, говза пхьар санна.
Веза Эла сох воккхавеш вара хӀора дийнахь,
массо а хенахь сакъоьрура аса Цунна уллохь.
31Цо кхоьллинчу дуьненах доккхадеш дара со,
иштта Цо кхоьллина адамаш бахьана долуш а со доккхадеш дара.

32Иштта, сан кӀентий, ладогӀа соьга.
Декъала хир бу ас хьехначу некъашкахула леларш!
33ЛадогӀа хӀокху хьехамашка, хила хьекъале,
цунна уллора дӀа а ма довла.
34Декъала ву соьга ладугӀуш верг,
сема а волуш, хӀора дийнахь сан кевнехь а,
сан неӀарна а уллохь ха деш лаьтташ верг.
35Со мел карийначунна дахар карийна,
Везачу Элера дика а хир ду цунна.
36Соьга схьа ца кхаьчнарг шен синна бохам боккхуш ву.
Хьекъалалла ца дезаш верг Ӏожалла езаш ву».
Copyright information for CheCAC2012