Psalms 100
Паччахьан ваӀда
1 ▼▼ Корта 100 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 101.
Даудан назма. Тешаме хиларх а, нийсонах а лаьцна ас назма эр ю,Хьуна, Веза Эла, ас хастаман йиш локхур ю.
2Аса тидам бийр бу цӀеначу новкъахь со лелаш хиларан.
Хьо маца вогӀур ву те суна тӀе?
ЦӀеначу дагца со лелар ву сайн цӀа чохь.
3Ас сайна уллохь вон гӀуллакх дойтур дац.
Делах дӀабирзинчара лелораш суна ца деза.
И хӀуманаш суна тӀелетар дац.
4Телхина ойланаш ас дага чуьра дӀахерйийр ю.
Вон хӀуманаш суна девзар дац.
5Къайлаха шайна уллорачарна луьйш берш
ас дӀасовцор бу.
Кура бӀаьргаш а, кура дог а дерш
сайна уллохь хуьлуьйтур бац.
6Аса къобалбийр бу махкахь Далла тешаме берш,
уьш сайца цхьаьна бахкийтархьама.
ЦӀеначу новкъахь лелаш болчаьрга –
цаьрга сайна гӀуллакх дойтур а ду.
7Ямарта волу стаг сан цӀа чохь Ӏийр вац.
Харцдерг дуьйцург сан бӀаьргашна хьалха лаьттар вац.
8ХӀора Ӏуьйранна ас совцор бу
махкахь болу массо а Ӏесанаш.
Везачу Элан гӀалара Аса дӀабохур бу
берриш а харцонаш лелош берш.
Copyright information for
CheCAC2012