Psalms 101
Баланехь волчун доӀа
1 ▼▼ Корта 101 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 102.
Баланехь волчу стеган доӀа, иза дог доьхна волчу хенахь дина цо, Везачу Элана хьалха шен бала балхочу хенахь. 2Веза Эла! ДӀахазахьа сан доӀа,сан орца даккхар Хьо волчу дӀакхочийла.
3Соьга вон деанчу дийнахь
Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа.
Хьайн лерг соьга схьадерзадехьа,
со Хьайга кхойкхучу дийнахь
суна сихонца жоп лохьа.
4Сан денош, кӀур санна, къайладовлуш ду,
сан даьӀахкаш, кхерч санна, йогуш ю.
5Сан дог доьхна, иза, буц санна, дакъаделла,
со сайна кхача баа а вицло.
6Сайгахь болу бала бахьана долуш
со азвелла дӀахӀоьттина.
7Яьссачу арахь лела бухӀа санна, висина со,
саьлнаш юкъахь ехаш йолу бухӀа санна ву со.
8Со вуьжуш а вац, суна наб а ца кхета,
тхов тӀехь Ӏаш долу ша дисна олхазар санна ву со.
9МостагӀаша дийнахь сарралц суна кхиссарш йо,
со кхаьрдачара сох нахана неӀалташ боху.
10Бепиг санна, чим боу аса,
ас молуш мел дерг сан бӀаьрхиша дурдина.
11И дерриг а Хьо суна оьгӀазвахар бахьана долуш ду,
хӀунда аьлча Ахьа со хьала а айина, юха охьа а кхоьссина.
12Сан денош къайладолу ӀиндагӀ санна ду,
со, буц санна, вакъавелла дӀаваьлла.
13Ткъа Хьо, Веза Эла, абаденналц а паччахьалла деш ву,
Хьо тӀаьхьенашкара тӀаьхьенийн а дагахь ву.
14Хьо гӀоттур ву, Ахьа Цийонах къинхетам бийр бу,
цуьнца дика хила еза зама тӀееана дела.
Билгалъяьккхина хан тӀе ма еана.
15Хьан леш долчу тхуна
цунах дисна тӀулгаш а дукхадеза.
Цунах йисинчу саьлнийн ченах а
тхуна кхоам хета.
16Къаьмнаш ларамах дузур ду Везачу Элана хьалха,
лаьттахь мел бехаш болчу паччахьаша Хьан сийлалла лорур ю.
17Везачу Эло Цийон юхаметтахӀоттор ю,
ткъа Иза Шен сийлаллица массарна а дуьхьалхӀуттур ву.
18ГӀийлачу адамийн доӀа Цунна дӀахезар ду,
Иза къора хир вац цара доьхучунна.
19Цунах лаьцна тӀейогӀучу тӀаьхьенна дӀаяздина хуьлийла,
хӀинццалц кхоьллина доцучу халкъе Цунна хастамаш байтархьама.
20Лакхенгахь йолчу Шен езачу меттера
Веза Эла охьа а хьаьжира,
стигалшкара дуьнене Цо бӀаьрг а туьйхира,
21набахтехь болчеран узарш хазархьама а,
хӀаллакбан кхел йинарш паргӀатбахархьама а.
22Иштта, Цийонехь Везачу Элан цӀе а йоккхур ю,
Ярушалаймехь Цунна хастам а бийр бу,
23къаьмнаш а, пачхьалкхаш а схьагулъелча,
Везачу Элана Ӏибадат дархьама.
24Къоналлехь Цо со гӀелвина,
сан денош а Цо дацдина.
25ТӀаккха ас элира: «Сан Дела!
Со къона волчу хенахь ма валийтахьа со.
Хьо массо а ханна хир ма ву вехаш.
26 bАхь юьхьанца латта кхоьллина,
Хьайн куьйгашца стигалш йина.
27Уьш дӀадевр ду, ткъа Хьо вуьсур ву.
Уьш дерриг а, бедарш санна, тишлур ду.
ТӀеюху хӀума санна, Ахь уьш хуьйцур ду,
тӀаккха уьш къайладохур ма ду.
28Амма Хьо цкъа а хийцалур вац,
Хьан дахар чекх а дер дац.
29Хьан леш долчу тхан бераш маьршачу меттехь дехар ду,
ткъа церан тӀаьхьенаш Хьуна хьалха Ӏаш хир ю».
Copyright information for
CheCAC2012