Psalms 102
Делан безам
1 ▼▼ Корта 102 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 103.
Даудан назма. Декъалвойла сан сино Веза Эла!Суна чохь мел долчу хӀумано а декъалйойла Цуьнан еза цӀе!
2Сан сино Веза Эла декъалвойла!
Сан даго Цо мел дина дика диц а ма дойла!
3Ас мел хьерчийначу къиношна а геч ма до Цо.
Сан мел йолчу цамгарех а то ма во Цо.
4Со валарх а ларво Цо.
Шен хедар боцучу безамца а, къинхетамца а го бо Цо.
5Сан дахар диканах дузу Цо.
Къоначу аьрзунан санна, сан къоналла а карлайоккху Цо.
6Везачу Эло бакъонца дерг а кхуллу,
ницкъ хиллачунна а нийсо хилийта хьожуш ву Иза.
7Шен некъаш гайтира Цо Муса-пайхамарна.
Шен гӀуллакхаш гайтира Цо Исраилан халкъана.
8 bКъинхетаме а, дика а ву Веза Эла.
Иза оьгӀаз а атта ца воьду, ткъа Цуьнан безам а боккха бу.
9Гуттаренна а ца хуьлу Везачу Эло бехк биллар.
Гуттаренна а дац Цуьнан оьгӀазвахар.
10Вай еш йолчу харцонашка хьаьжжина, ца до Цо вайна дан доггӀург.
Вай хьерчош долчу къиношка хьаьжжина, ца до Цо Ша дийриг а.
11ХӀунда аьлча, стигал лаьттана гена йолччул,
боккха бу Везачу Элан Шех кхоьручаьрга болу безам.
12Малхбалехьара малхбузенга кхаччалц йолу еха юкъ санна,
дӀакъастадо Цо вай хьерчийна долу къинош вайх.
13Дай шайн берашца къинхетаме хиларе терра,
Везачу Эло а къинхетам бо Шех кхоьручарах.
14Везачу Элана хаьа, Ша вай стенах кхоьллина ду,
хаьа Цунна, Ша вай поппарх дина дуйла.
15Адамийн денош а, тӀеяьлла йолу буц санна, доца ду.
Аренгахь кхуьу зезаг санна, кхуьу адамаш а.
16Ткъа чӀогӀа мох тӀехьаькхча, и зезаг хӀаллакьхуьлу,
и хилла меттиг а евзар яц цхьанна а.
17– 18Азалера абаденналц бу Везачу Элан хедар боцу безам
Цунах кхоьручаьрга,
ткъа Цуьнца бина барт ларбеш йолчу а,
Цо делла парзаш кхочушдеш йолчу а
массо а тӀаьхьенашна Цуьнан дика лаьтта.
19Стигалшкахь дӀахӀоттийна Везачу Эло Шен олаллин гӀант.
Олалла до Цо доллучу хӀуманна а тӀехь.
20Онда ницкъ болуш долчу а, Цуьнан дош кхочушдеш долчу а массо а маликаша
декъалвойла Веза Эла, Цуьнан дашна муьтӀахь а хуьлуш.
21Цуьнан лаамаш кхочушбеш болу ялхой болчу
стигалийн массо а ницкъаша декъалвойла Веза Эла.
22Декъалвойла Веза Эла
Цуьнан доллучу гӀуллакхаша, Цо олалла деш йолчу массо а меттигашкахь!
Декъалвойла Веза Эла сан сино!
Copyright information for
CheCAC2012