Psalms 103
Дуьне Кхоллархочунна хастам бар
1 ▼▼ Корта 103 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 104.
Хастам бе, сан са, Везачу Элана!Сан Веза Дела, Хьо инзаре воккха ву,
паччахьан сий а, исбаьхьалла а Хьан духар санна ду.
2Ахь оба санна, тӀеюхуш ерг серло ю,
четар санна дӀасаяржийна Ахьа стигал а.
3Ахьа стигаларчу хишна тӀехула
Хьайна Ӏа меттиг йо.
Мархех Ахь Хьайна гӀудалкх йо,
Хьо мохан тӀемашна тӀехь а хехкало.
4 bАхьа мехех Хьайн геланчаш бо,
цӀеран алунех Хьайн ялхой бо.
5Ахьа латта чӀоггӀачу бух тӀе хӀоттийна,
иза абаденналц меттах а дер дац.
6Латта, юргӀано санна, Ахьа кӀоргачу хица дӀахьулдина,
гобаьккхинчу хино лаьмнаш а къайладаьхна.
7Амма хиш, Ахьа бохург а дина, юхадевлла,
къекъачу Хьан озах къаьхкина уьш девдда дахана.
8Лаьмнаш хьаладовлучу хенахь,
тогӀеш охьайовлучу хенахь,
уьш Ахьа царна билгалъяьккхинчу меттиге дӀадахана.
9Ахьа царна тӀехдевр доцу доза дӀахӀоттийна,
латта дӀахьулдан уьш юха ца дахийтархьама.
10Ахьа тогӀешна чухула хин хьостанаш дӀадохуьйту,
и хиш лаьмнашна юккъехула дӀа а оьху.
11Цара ерриг а акхарошна хи ло.
Акха варраша шайн хьогалла дӀайоккху.
12Царна гонах стигаларчу олхазарша а шайн баннаш до,
гаьннашна юкъара шайн аьзнаш схьа а хозуьйтуш.
13Хьайн лакхенгара лаьмнаш Ахь хих Ӏабадо,
Хьан куьйгаша кхоьллинчух Ахь латта Ӏабадо.
14Бежанашка яийта Ахьа буц хьалайолуьйту,
адамаша лелош долу ораматаш а хьаладовлуьйту.
Иштта, цара лаьттара кхача кхиабо,
15адаман дог самукъадаккха чагӀар а до,
цуьнан сибат къаго зайтдаьтта а до,
дог чӀагӀдеш долу бепиг а до.
16Ӏаббалц тӀуналла ло Везачу Элан дитташна,
Цо Ша дӀадоьгӀна долу Ливанунан баган-дитташна.
17Царна тӀехь шайн баннаш до олхазарша,
ткъа аисто шен бен лекхачу диттана тӀехь бина.
18Лекха лаьмнаш масаршна хӀусам хилла дӀахӀиттина,
ткъа тархех лаьмнийн дехкашна дӀаловчкъийла хилла.
19Хенан хийцам гайтархьама, Ахьа бутт кхоьллина,
ткъа ша маца дӀабуза беза хууш болу малх а Ахьа кхоьллина.
20Ахьа бода дӀабаржабо, тӀаккха буьйса тӀекхочу.
И хан тӀекхаьчча, евлла лелаш хуьлу массо а хьуьнан акхарой.
21Лоьмаша, гӀигӀ деш, ижу йоьху,
Дала ло кхача шайна лоьхуш.
22Малх схьакхетарца уьш дӀа а теба,
шайн Ӏуьргашкахь охьа а дуьйшу.
23Ткъа адам шайн болх бан хьалагӀотту,
цо сарралц къа а хьоьгу.
24Ма дукха ду-кх, Веза Эла, Ахьа кхоьллинарг!
Массо а хӀума хьекъалаллица кхоьллина Ахьа.
Дерриг а дуьне Ахь кхоьллинчух хьаладуьзна ду.
25Хьажахьа хӀорде, боккха а, шуьйра а болчу,
чохь дагар ца даллал дукха яккхий а, кегий а
садолу хӀуманех сийсаш болчу.
26 cЦунна тӀехула хӀордкеманаш лела,
цу чохь Левиятан ловзабуьйлу,
Ахьа кхоьллина хӀордан саьрмик.
27Цара массара а Ахьа шен-шен хенахь
шайна кхача баларе сатуьйсу.
28Ахьа царна кхача белча, цара иза дӀаоьцу,
Ахьа Хьайн куьг делча, уьш дикачух Ӏеба.
29Хьайн юьхь Ахьа къайлаяьккхича, уьш доьхна хьийза,
шайн са Ахьа дӀадаьккхича, уьш ле, чан хуьлий, дӀа а довлу.
30Ахьа царна Хьайн са делча, уьш кхуллу,
цу тайпана Ахьа лаьттан сибат цӀиндо.
31Массо а ханна хуьлийла Везачу Элан сийлалла,
воккхавеш хуьлийла Веза Эла Ша кхоьллинчух!
32Иза дӀахьожжушехь, дуьне дегадо,
Иза дӀахьакхалушшехь, лаьмнех кӀур болу.
33Везачу Элана назма олуш хир ву со, со мел веха,
иштта сан Далла хастамаш беш а хир ву со, айса хан мел йоккху.
34Реза хуьлийла Иза ас дӀаолучу назманна,
со самукъадолуш хир ву Везачу Элах.
35Дуьнен чуьра дӀабовлийла массо а къинош летийнарш,
Ӏеса адамаш а ма хуьлийла кхин.
Хастам бе, сан са, Везачу Элана!
Везачу Элана бу хастам!
Copyright information for
CheCAC2012