Psalms 106
ПхоьалгӀа тептар
(Забур 107–150)
Веза Эла дика хилар
1 a ▼▼ Корта 106 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 107.
Хастам бе Везачу Элана Иза дика хиларна,Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу!
2Иштта олийла Везачу Эло паргӀатбаьхначара,
мостагӀийн карара Цо схьа мел баьхначара,
3хийрачу мехкашкара Цо схьагулбиначара –
малхбалехьара а, малхбузехьара а,
къилбаседехьара а, къилбехьара ▼
▼Схьахетарехь: къилбехьара. Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: хӀордера.
а.4Цхьаберш яьссачу аренашкахула бевлла лелаш бара,
шена чохь адамаш долчу гӀала боьду некъ а ца карош.
5Цара мацалла а, хьогалла а ловра,
церан синош царна чуьра дӀадовлуш дара.
6Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира,
тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.
7Цо уьш нийсачу новкъахула дӀабигира,
шена чохь адамаш дехаш йолчу гӀала а бохуьйтуш.
8Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а,
Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.
9Цо хьогуш верг Ӏаба а во,
меца верг диканца вуза а во.
10Цхьаберш Ӏаьржачу боданехь бехаш Ӏаш бара,
аьчка буржалш а тоьхна, гӀайгӀанехь а болуш,
11хӀунда аьлча Цо аьллачунна цара дуьхьало йинера,
Веза Воккхачу Дала бинчу хьехамах уьш ца баьшнера.
12Церан дегнаш Цо халачу белхашца охьатаӀийра,
уьш гал а бевллера, царна орцахвала цхьа а стаг а вацара.
13Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира,
тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.
14Цо уьш Ӏаьржачу боданера арабехира,
церан буржалш доха а дина.
15Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а,
Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.
16ЦӀестан кевнаш Цо доха а до,
аьчка гӀораш хьеша а хьоьшу.
17Цхьаберш Ӏовдалш бара, гӀело а хьоьгуш,
шайн зуламе некъаш а, шаьш летийна къинош а бахьана долуш.
18Церан синош массо а кхачанах дӀадирзинера,
уьш Ӏожаллин кевне а кхаьчнера.
19Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира,
тӀаккха Цо уьш шайн баланах кӀелхьарбехира.
20Цо Шен дашца дарба а дира царна,
хӀаллакьхиларх кӀелхьар а бехира уьш.
21Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а,
Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.
22Цара Везачу Элана баркаллин сагӀанаш а дохийла,
ирсечу эшаршца Цуьнан гӀуллакхех лаьцна дӀа а дуьйцийла.
23Цхьаберш хӀордкеманашна тӀехь новкъа бовлура,
уьш даккхий хиш тӀера совдегарш бара.
24Царна гира Везачу Эло до гӀуллакхаш:
кӀоргачу хӀордашна тӀехь долу Цуьнан тамашийна хӀуманаш.
25Иза вистхуьллушехь, дарц тӀехьоду,
яккхий тулгӀенаш ловза а юьйлуьйтуш.
26Хинкеманаш стигала хьала а дахара,
юха а кӀоргачу хи чу охьа а ийгира.
Кеман чохь болчеран дегнаш шелделира.
27Уьш, бехна нах санна, охьа а бетталуш, когаш а тийсалуш,
лелара, церан хилла долу хьекъалалла а дӀадолура.
28Холчохь а болуш, цара Везачу Эле орца даьккхира,
тӀаккха Цо уьш церан баланах кӀелхьарбехира.
29Цо дарц тап-аьлла дӀасацийра,
тулгӀенийн гӀовгӀа а дӀаелира.
30ХӀорд дӀатийна хиларх уьш сакъералуш бара,
ткъа Цо уьш шаьш хьаьгначу метте дӀакхачийра.
31Цара хастамаш бойла Везачу Элана, Цуьнан хедар боцу безам а,
Цо адамашна до тамашийна гӀуллакхаш а бахьана долуш.
32Халкъан гуламна юкъахь цара Иза вазвойла,
къанойн кхеташонехь Цунна хастамаш а бойла.
33Цо хиш хиллачохь яьсса аре дӀахӀоттайо,
хин татолаш хилла меттиг, якъайой, дӀа а йоккху.
34Токхечу лаьттах Цо дуьра аре йо,
цу тӀехь дехаш долчу адамийн волла.
35Яьсса аре Цо, Ӏам бой, дӀахӀоттайо,
ткъа йокъа хӀоьттинчу меттехь татолаш дохку.
36Цо цига баха меца нах а балабо,
ткъа цара цигахь шайна даха ховша гӀала а йо.
37Кхаш тӀехь ялта цара дӀа а доь,
кемсийн таьллангаш цара дӀа а югӀу,
цигара шортта ялта схьа а гулдо.
38Дукха бераш хилийта, Цо уьш декъал а бо,
церан даьхнеш Цо лагӀ а ца долуьйту.
39ГӀело хьегар а, бохам тӀебар а, баланаш лар а
бахьана долуш уьш кӀезиг хилла дӀахӀитта мега.
40ТӀаккха Везачу Эло церан элашна тӀе эхь тотту,
уьш некъ боцучу яьссачу аренашкахула лоьлуьйту.
41Амма къен стаг Цо гӀелонах схьа а воккху,
цуьнан тӀаьхьенаш, жа санна, деба а йо.
42Дика нах, и хӀума а гуш, баккхийбеш бу,
ткъа вочеран цу хӀуманна дуьхьал ала хӀума а дац.
43Хьекъалалла долуш болчарна и хӀуманаш дӀагойла,
Везачу Элан хедар боцучу безамах лаьцна цара ойланаш йойла.
Copyright information for
CheCAC2012