‏ Psalms 108

Вон тӀедеанчун латкъам

1
Корта 108 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 109.
Эшарш локхучу тобанан хьаькаме: Даудан назма. Ас хастамаш беш волу Дела,
вист ца хуьлуш ма Ӏахьара Хьо,
2хӀунда аьлча харцболу, ямарта нах
соьга мотт бетташ, бистхуьлу,
цара сох лаьцна бакъ доцурш а дуьйцу.
3Цабезаман дешнашца цара го бина суна,
цхьа а бахьана а доцуш, суна дуьхьалбевлла уьш.
4Сан шайга болчу безамна дуьхьал
цара со харцахьа бехкево,
ткъа аса царна тӀера доӀанаш до.
5Берриг а сан безамна дуьхьал цара вон доккху,
сан шайца долчу доттагӀаллина дуьхьал цабезам а боккху.

6МостагӀчунна дуьхьалвала Ӏесаниг къобалвехьа,
цуьнан аьтту агӀор бехкевийриг дӀахӀоттавехьа.
7Кхел хадаечу хенахь цунна кхел йойла,
цуьнан доӀанаш а къилахь хетийла.
8 bЦуьнан дисина денош кӀезиг хуьлийла,
болх бечохь цуьнан меттиг кхечо дӀалоцийла.
9Цуьнан бераш байлахь дуьсийла,
цуьнан зуда а йисина лоьлийла.
10Цуьнан берех кхерсташ лела сагӀадоьхурш хуьлийла,
шайн йохийначу хӀусамашна арахь а болуш,
уьш кхача лоьхуш лоьлийла.
11Цуьнан долахь мел долу хӀума
иза декхарийлахь волчо дӀалоцийла,
цуьнан бахам хийрачеран кара а гӀойла.
12Цхьа а цуьнца дика ма хуьлийла,
цуьнан байлахь дисинчу берех
цхьаммо а къинхетам ма бойла.
13Цуьнан тӀаьхье а хӀаллакьхуьлийла,
шолгӀачу тӀаьхьенахь хӀу хедийла цуьнан.
14Цуьнан ден къинош Везачу Элана дагахь лоттийла,
цуьнан ненан къа цкъа а дӀа ма доккхийла.
15Церан къинош массо а хенахь Везачу Элана хьалха лаьттийла,
царах-шайх болу дагалецамаш Цо дуьнен чуьра дӀабохийла.

16Оцу стеган дагахь кхечуьнца дика хилар цкъа а ца хилла,
мелхо а, пекъаршна а, къечарна а, дог доьхначарна а
иза тӀаьхьаваьлла, уьш хӀаллакбархьама.
17Цунна неӀалташ кхайкхо лаьара, цундела уьш цунна юхадоьрзийла,
цунна нах декъалбар ца дезара, цундела иза а декъал ма войла.
18Цо и неӀалташ, бедар санна, кест-кестта тӀедухура,
хӀинца, хи санна, цуьнан кийра уьш кхочийла,
даьтта санна, цуьнан даьӀахкашка кхочийла.
19Цу неӀалташа, обано санна, верриг а дӀахьулвойла,
уьш даим цо шена дӀадоьхку доьхка санна а хуьлийла.

20И дерриг а Везачу Элан бекхам хилла дӀахӀуттийла
со бехкевечарна а, сох лаьцна вониг дуьйцучарна а!
21Амма Хьо, сан Хьалдолу Эла,
Хьайн цӀеран дуьхьа соьца лелахьа,
Хьайн хедар боцу безам дика хиларна,
со кӀелхьарваккхахьа.
22Со гӀело хьоьгург а, пекъар а ма ву,
сан кийрара дог а доьхна ду.
23Къайладолуш долу ӀиндагӀ санна,
худавелла дӀаволуш ву со.
ЦӀоз санна, дӀачехош ву со.
24 Марха кхабарна сан голашкахь са а дац,
сан дегӀ гӀел а делла, со аз а велла.
25 cСох нах кхаьрдарг хилла,
сох шайн бӀаьрг кхетташехь,
цара кортош а лестадо.

26ГӀо дехьа суна, сан Веза Дела,
Хьайн хедар боцучу безаме хьаьжжина,
кӀелхьарваккхахьа со.
27Сан мостагӀашна иза Хьан куьйго динийла дӀахоийла,
со кӀелхьарваьккхинарг Веза Эла волу Хьо хиллийла.
28Цара неӀалташ кхайкхадахь а, Ахьа со декъалвийр ву,
уьш дуьхьалбовлахь а, шаьш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу,
ткъа Хьан лай волу со воккхавеш хир ву.
29Со бехке бийраш юьхьӀаьржонца кхолийла,
бедарш санна, цара эхь тӀедухийла.

30Ас мохь туххуш Везачу Элана хастамаш а бийр бу,
дуккха а болчарна юкъахь Цунах лаьцна дуьйцур а ду.
31ХӀунда аьлча Иза гӀийлачарна аьтту агӀор тӀехӀутту,
царна кхел йиначеран карара уьш кӀелхьарбахархьама.
Copyright information for CheCAC2012