‏ Psalms 109

Дала къобалвина паччахь

1 a
Корта 109 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 110.
Даудан назма. Везачу Эло элира хьалдолчу эле:
«Суна аьтту агӀор охьахаа,
Аса Хьан мостагӀий хьан когашка охьабахккалц».
2Паччахьан ницкъ болу гӀаж дӀакховдор ю хьуна Везачу Эло Цийон-ломара.
Олалла де ахьа хьайн мостагӀашна юкъахь.
3Хьан ницкъ гучубаьллачу дийнахь
хьан халкъ ларамца хьуна тӀаьхьахӀуттур ду.
Хьуна тешаме болу къонахий базаллехь гучубоху.
Сатосуш дуьллу тхи санна, богӀу уьш хьуна тӀе.

4 cВезачу Эло чӀагӀо йина,
ткъа цунна тӀера юха ца волу Иза:
«Гуттаренна а динан да ву Хьо
Малки-ЦӀадакъин даржехь».
5Хьуна аьтту агӀор ву Веза Эла.
Ша оьгӀазваханчу дийнахь паччахьаш хӀаллакбийр бу Цо.
6Цу дийнахь халкъашна тӀехь кхел а йийр ю Цо.
Ткъа латта декъех дузур ду Цо.
Лаьттара массо баьччанаш а хӀаллакбийр бу Цо.

7Некъана йистехула догӀучу татол чуьра паччахьо хи мер ду.
ТӀаккха цо, ницкъ тӀе а беана, корта хьалаойур бу.
Copyright information for CheCAC2012