Psalms 110
Везачу Элан гӀуллакхийн абат
1 ▼▼ Корта 110 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 111.
Везачу Элана бу хастам! А са ▼▼ХӀара назма абатан кепехь ю. Хьовса: Забур 24.
вазвийр ву Веза Эла сайн доллучу даггара,баккъал догцӀена болчеран гуламна юкъахь.
2 В езачу Эло мел дийриг ма сийлахь ду!
ГӀуллакхаш Цуьнан царах воккхавеш мел волчо толлуш ду.
3 Д еза а, исбаьхьа а Цуьнан гӀуллакхаш ду,
ерриг а Цуьнан нийсо гуттаренна а лаьтташ ю.
4 З аманашкара Шен Ӏаламаташ дагалацийтира Цо.
И Веза Эла дика а, къинхетаме а ма ву.
5 К хобуш ву Иза Цунна хьалха ларамах буьзнарш.
Лоруш ву Иза нахаца Ша бина барт абаденналц.
6 М асех кхидолчу къаьмнийн латтанаш царна дӀа а делла,
ницкъ Шен мел бу дӀагайтина Цо Шен къомана.
7 О нда а, нийса а ду Цуьнан куьйгаша мел дийриг.
Пайда эцарца теша мегар ду массо а Цуьнан тӀедехкинчарах.
8 Р ажехь чӀагӀдина ду и тӀедехкинарш массо а ханна,
и сацамаш тешамца а, догцӀеналлица а тӀебехкина дела.
9 Т утмакхаш болчуьра паргӀатдаккхина Цо Шен халкъ,
хӀоттийна Цо абаденналц Ша бина барт.
Цуьнан цӀе еза а, ларамах бузуьйтуш а ю!
10 c Ш аьш хьекъалалле кхачийтархьама, нах уггар хьалха Везачу Эле ларамах буьзна хила беза.
Эрна доцу дуьхьекхиар Цо тӀедехкинарш лардеш болчу массеран а хир ду.
Ӏаббалц Цунна беш болу хастамаш абаденналц лаьттар бу.
Copyright information for
CheCAC2012