‏ Psalms 112

Веза Эла дика хиларна болу хастам

1
Корта 112 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 113.
Везачу Элана бу хастам!

Везачу Элан ва ялхой, Цунна хастам бе!
Везачу Элан цӀе аша хаста а е!
2Хастам хуьлийла Везачу Элан цӀарна
таханлерчу дийнахь дуьйна массо а ханна.
3Малхбалера дуьйна малхбузе кхаччалц
Везачу Элан цӀе хастаме хуьлийла.
4Веза Эла массо а къаьмнел лекха лаьтташ ву,
Цуьнан сийлалла стигалел лекха хьалаяьлла ю.

5Мила ву вайн Везачу Делах тера верг,
лакхаллашкахь Ӏаршана тӀехь Ӏаш волчу а,
6стигалшка а, лаьтте а хьажархьама,
лохха охьатаьӀаш волчу а?
7Къен верг Цо хьала а воккху хотта юкъара,
мисканиг Цо хьала а ойу ченна юкъара.
8Цо уьш элашна юкъа охьаховшабо,
шайн халкъах болчу элашна ховшабо.
9Бер ца хуьлуш йолчу зудчуьнан тидам бо Цо цуьнан хӀусамехь,
шен берех йоккхаеш йолу зуда Цо цунах йо.

Везачу Элана бу хастам!
Copyright information for CheCAC2012