a Арадаккхар 12:51.
c Арадаккхар 14:21; Якъуба 3:16.
d Арадаккхар 17:1-7; Лелар 20:2-13.
f Забур 134:15-18; Довзийтинарг 9:20.

‏ Psalms 113

Мисар-махкара арадаларх йолу йиш

1 a
Корта 113:1-8 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: Корта 114.
Исраилхой Мисар-махкара арабевлча, Якъубан тӀаьхье хийрачу къомана юкъара схьаяьлча,
2ЯхӀудан халкъ Везачу Элан деза къам хилла дӀахӀоьттира,
Исраилан халкъ Везачу Элан долахь дерг хилла дӀахӀоьттира.

3 cИза гина болу Эрзийн хӀорд юхабедира,
Йордан-хи а юханехьа доладелира.
4УьстагӀий санна, кхиссалуш дара лаьмнаш,
гунаш а дара, Ӏахарий санна, ирхлелхаш.

5ХӀун хилла хьуна, хӀорд, хьо дӀа хӀунда бедда?
Хьуна а хӀун хилла, Йордан, хьо юханехьа стенна доладелла?
6Шу хӀунда кхиссаделла, лаьмнаш, уьстагӀий санна,
ткъа шу а, гунаш, стенна кхиссаделла, Ӏахарий санна?

7Дегаде, латта, Везачу Элана хьалха,
Якъубан Далла хьалха дегаде.
8 dЦо тархах, Ӏам бой, дӀахӀоттабо,
иштта тӀулгаш юкъара хи а охьадоладолуьйту.

Цхьаъ бен Дела цахиларх лаьцна

9
Корта 113:9-26 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: Корта 115.
Тхуна а ца луш, Веза Эла, тхуна а ца луш,
амма Хьайн цӀарна бен сийлалла ма лойла,
Хьайн хедар боцу безам хилар а,
Хьо тхуна тешаме хилар а бахьанехь.
10Кхечу къаьмнех болчара стенна боху:
«Мичахь ву церан Дела?»
11Тхан Дела стигалахь ву,
Цо Шена луъург а до.
12 fТкъа церан деланаш детих а, деших а бина бу,
уьш адамийн куьйгашца бина болу цӀуш бу.

13Церан батош ю, амма цара къамел ца до,
церан бӀаьргаш бу, амма царна хӀумма а ца го.
14Церан лергаш а ду, амма царна ца хеза.
Церан марош а ду, амма царна хьожа ца йогӀу.
15Куьйгаш а ду церан, амма уьш хьакха ца ло.
Когаш а бу церан, амма уьш лелаш бац.
Церан легашкара аз а ца долу.
16Царах терра хир бу уьш беш берш а,
царах тешна Ӏаш верг муьлхха а.

17Ва Исраилан халкъ,
Везачу Элах тешна Ӏаш хила!
Иза шун гӀо а, шун турс а ма ду.
18Ва АхӀаронан тӀаьхье,
Везачу Элах тешна Ӏаш хила!
Иза шун гӀо а, шун турс а ма ду.

19Цунна хьалха ларамах дуьзна дерш,
Везачу Элах тешна Ӏаш хила!
Иза шун гӀо а, шун турс а ма ду.

20Везачу Элана вай дагахь лаьтташ ду,
Цо вай декъалдийр ма ду:
Исраилан халкъ Цо декъалдийр ду,
АхӀаронан тӀаьхье Цо декъалйийр ю.
21 gЦунна хьалха ларамах буьзнарш Цо декъалбийр бу.
Лараме боцурш а, цӀеяханарш а цхьатерра декъалбийр бу.

22Везачу Эло шу дебадойла,
шу а, шун тӀаьхье Цо дебайойла!
23Декъалдойла шу Везачу Эло,
стигал а, латта а кхоьллинчо.

24Стигал Везачу Элан долахь ю,
ткъа латта Цо адамашна дӀаделла.
25Беллачара Везачу Элана хастамаш бийр бац,
Ӏожаллин тийналле боьссинчех цхьаммо а Цунна хастам бийр бац.
26Везачу Элана хастамаш вай-м бийр бу,
хӀинца дуьйна абаденналц.

Везачу Элана бу хастам!
Copyright information for CheCAC2012