Psalms 114
КӀелхьарваккхарна баркалла алар
1 ▼▼ Корта 114 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 116:1-9.
Суна везаш ву Веза Эла,Цунна сан аз дӀахазарна а,
сан орца даккхар дӀахазарна а.
2Шен лергаш Цо соьгахьа схьадерзийна дела,
со дийна мел волчу хенахь, Цуьнга кхойкхуш хир ву.
3Ӏожаллин машшех со тасавелла,
эхартан къемат суна уллодаьлла,
сингаттамо а, сахьийзаро а со охьатаӀийна.
4ТӀаккха со Везачу Элан цӀе йоккхуш кхайкхира:
«Веза Эла! КӀелхьардаккхахьа сан са!» – аьлла.
5Веза Эла дика а, нийса а ву,
вайн Дела къинхетаме ву.
6ГӀо оьшуш берш Везачу Эло ларбо.
Со холчу хӀоьттича, Цо со кӀелхьарваьккхира.
7Ва сан са, паргӀат хилахьа,
Везачу Эло хьуна дика дина дела.
8Веза Эла, Ахьа сан са Ӏожаллех кӀелхьардаьккхина,
сан бӀаьргаш – бӀаьрхих,
сан когаш – ког тасабаларх.
9Дийна болчеран хӀокху дуьнен чохь
Везачу Элана хьалха лелар ву со.
Copyright information for
CheCAC2012