Psalms 118
Делан дешан абат
Элп «а»
1 ▼▼ Корта 118 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 119.
А дамаш ▼▼ХӀара назма абатан кепехь ю. Хьовса: Забур 24.
декъала хуьлу цӀеначу некъаца лелча,Везачу Элан товрат-хьехам тӀехь а лаьтташ.
2 А дамаш декъала хуьлу Цуьнан сацамаш ларбеш хилча,
дерриг а шайн дагца Иза лохуш хилча.
3 А ла хӀума долу гӀуллакхаш цара ца до,
амма Цуьнан некъашца лела уьш.
4 А хьа омранаш тхуна тӀедехкина,
тхоьга уьш кхоччуш лардайтархьама.
5 А хь тӀедехкина парзаш лардарна
сан некъаш тӀехьажийна делахьара!
6 А хьа мел тӀедиллиначуьнга со хьежахь,
юьхьӀаьржачу хӀуттур вац со.
7 А са догцӀеналлица хастамаш бийр бу Хьуна,
Хьан нийса тӀедехкинарш а Ӏамош.
8 А са Хьан парзаш лардийр ду.
Кхоччуш дӀа ма тасахьа со!
Элп «б»
9 Б еш болу шен дахаран некъжимачу стага цӀена муха лелабо?
Хьан дош кхочушдарца цӀена лелабо.
10 Б оллучу ницкъаца, сайн доллучу даггара Хьо лоьху ас,
Хьан весеташ тӀера дӀа ма валийтахьа со.
11 Б акъдолу Хьан дош сайн даг чохь латтадо аса,
Хьуна дуьхьал сайна къа ца латорхьама.
12 Б акъволу Эла, декъала ву Хьо!
Хьайн парзаш суна хьехахьа.
13 Б агахула Ахь мел тӀедиллина хӀума
сайн балдашца Аса кхайкха а до.
14 Б оккхачу бахамах санна, со воккхавеш ву
Хьан бакъонийн некъаца леларх.
15 Б акъдолу Хьан омранийн ойла еш ву со,
Хьан некъашка а хьоьжуш ву со.
16 Б акъдолу Хьан дош суна диц ца ло,
мелхо а, Хьан парзех со воккха а воь.
Элп «в»
17 В ехьа декъала Хьайн лай волу со,Хьан дош а лардеш со вахийтархьама.
18 В ехьа со бӀаьрса долуш, Хьан товрата тӀера
тамашийна хӀуманаш суна гайтархьама.
19 В у со хьаша кху лаьттахь,
ма дахахьа сох къайла Хьайн весеташ.
20 В у сайн са тӀехдуьзна ерриг а хенахь
Хьан тӀедехкинаршна леринчу лаамех.
21 В у Хьо кура дегнаш долчарна тӀехдетташ.
Хьан весетех дӀабевллачарна тӀехь неӀалт ду.
22 В аккхахьа со сайна тӀерачу эхьах а, дегабаамах а,
ас Хьан бакъонаш кхочушйо дела.
23 В овшах а кхетта, суна дуьхьал элий барт беш белахь а,
Хьан лай волчу аса Хьан парзех лаьцна ойланаш йийр ю.
24 В у со сакъералуш Хьан бакъонех,
уьш суна хьехамчаш санна ма ю.
Элп «г»
25 Г Ӏел а велла, со ченахь Ӏуьллуш ву.Денвехьа со Хьайн дашца.
26 Г учудехира ас сайн некъаш,
Хьуна ас бохург дӀа а хезира.
Ӏамадехьа суна Хьайн парзаш.
27 Г айтахьа суна Айхьа динчу омранийн маьӀна,
тӀаккха ойла йийр яра аса Хьан тамашийначу хьехамех лаьцна.
28 Г ӀайгӀано дашош лаьтта сан са,
Хьайн дашца чӀагӀвехьа со.
29 Г енабаккхахьа суна харцонан некъ,
Хьайн диканца бовзийтахьа суна Хьайн товрат-хьехам.
30 Г онах сайна дӀахӀиттийна ас Хьан тӀедехкинарш,
Хьуна тешаме хиларан некъ а хаьржина ас.
31 Г Ӏадвахна со Хьан бакъонашна, Веза Эла.
Ма хӀоттавайтахьа со юьхьӀаьржачу.
32 Г Ӏадвахна воду со Хьан весетийн новкъахула,
Ахьа сан даг чу сов кхетам биллина дела.
Элп «д»
33 Д овзийтахьа суна, Веза Эла, Хьайн парзийн некъаш,со массо а хенахь уьш лардеш лелар вара.
34 Д овзийтахьа суна Хьайн товрат-хьехам, со цунна муьтӀахь хир вара.
Сайн доллучу даггара и хьехам ас ларбийр бара.
35 Д аккхахьа сан са Хьайн весетийн новкъа,
хӀунда аьлча царах ас марзо оьцу.
36 Д ерзадехьа сан дог Хьайн бакъонашна тӀе,
сайна пайда болучунна тӀе дерзоран метта.
37 Д Ӏадерзадехьа сан бӀаьргаш
эрна хӀуманашка хьоьжучуьра.
Денвехьа со Хьайн некъа тӀехь.
38 Д ӀахӀоттадехьа Хьайн лай волчу суна Айхьа дина ваӀда,
Хьуна хьалха ларамах буьзначарна лерина ваӀда.
39 Д Ӏадаккхахьа суна кхераме хеташ долу со емалвар.
Делахь а Хьан тӀедехкинарш суна диканна ду.
40 Д езаш ма ду суна Хьан омранаш.
Хьайн нийсонца денвехьа со.
Элп «е»
41 Е рзайойла Ахьа суна тӀе Хьайн безаман марзо.Веза Эла, кӀелхьарваккхахьа со – Ахьа чӀагӀо ма йина.
42 Е малвар сайна деш волчунна ас тӀаккха жоп лур ду,
хӀунда аьлча со Хьан дашах тешна Ӏаш ву.
43 Е рриг а йиш Хьох лаьцна бакъдерг дийца дӀа ма яккхахьа,
хӀунда аьлча Ахьа ечу кхелашка со хьоьжуш ву.
44 Е рриге а хенахь, абаденналц
ларбийр бу ас Хьан товрат-хьехам.
45 Е ллачу паргӀатонца лелар ву со,
хӀунда аьлча ас Хьан омранаш лийхира.
46 Е ллачу Хьан бакъонех лаьцна дуьйцур ду ас
паччахьашна хьалха, ийза а ца луш.
47 Е рриг а сан ойланашца суна уьш дезарна,
Хьан весетех сакъералуш ма ву со.
48 Е рриге а сайн ойла Ахь деллачу парзашна тӀеерзор ю аса,
сайна дезаделлачу Хьан весеташна куьйгаш тӀекхийдор ду аса.
Элп «з»
49 З ерца Айхьа делла дош дагадаийтахьа,хӀунда аьлча цуьнга со сатуьйсуш ву.
50 З аза доккхуш санна, Хьан чӀагӀоно со денвар –
иза сан догъэцар ду, со баланехь велахь а.
51 З ама мел йолу а, кура дегнаш дерш суна луьйш бу,
амма со Хьан товрат-хьехаман некъа тӀера ца волу.
52 З аманашкара дуьйна долу Хьан тӀедехкинарш, Веза Эла,
дага а доуьйтуш, царах аса сайн дагна синтем бо.
53 З уз дарца дегӀе эргӀадволу со, хӀунда аьлча
Ӏесанаш Хьан товрат-хьехамна тӀера бовлу.
54 З овкх хьоьгуш ву со кху дуьнен тӀехь йолчу хенахь,
Хьан парзех лаьцна эшарш а лоькхуш.
55 З ама буьйсане йирзича,
Хьан цӀе дагайогӀура суна, Веза Эла,
ткъа Хьан товрат-хьехам аса ларбийр ма бу.
56 З ама дӀа мел яларх, со иштта веха:
Хьан омранашна со муьтӀахь ма ву.
Элп «и»
57 И сан дакъа Хьо ма ду, Веза Эла.Аса чӀагӀо йина Хьан дешнаш лардан.
58 И штта, сайн даггара доӀанаш дира аса:
Хьайн ваӀданца къинхетам бехьа сох.
59 И сайн лелар Хьан бакъонашна тӀе дерзадо ас,
сайн дахаран некъех лаьцна ойланаш а йина.
60 И Хьан весеташ лардархьама,
тӀаьхьа ца тоттуш аса сихо йо.
61 И штта ца бицбо ас Хьан товрат-хьехам,
Ӏесачеран машшаш суна гонах делахь а.
62 И нзаре нийса долу Хьан тӀедехкинарш бахьана долуш
Хьуна хастамаш бан хьалагӀотту со буьйсанна юккъехь.
63 И штта, Хьуна хьалха ларамах мел буьзначеран а,
Хьан омранаш лардеш болчеран а доттагӀа ву со.
64 И дуьне Хьан безамах дуьзна ду, Веза Эла.
Ӏамадехьа суна Хьайн парзаш.
Элп «к»
65 Кх оьллина Ахь дика, Веза Эла,Хьан лай волчунна Хьайн дашца.
66 К х ин а чӀогӀа Ӏамавехьа со
дика къасто а, хьекъале хила а,
хӀунда аьлча со Хьан весетех теша.
67 К ъ иза бала айса хьегале,
дикка хьалха, со тилавелла вара,
ткъа хӀинца Хьан дош лардо аса.
68 К омаьрша а, диканиг дийриг а ву Хьо!
Ӏамабехьа суна Хьайн хьехамаш.
69 К ура дегнаш долчара суна дуьхьал харцдерг кхуллу,
амма Аса сайн доллучу дагца Хьан омранаш лардийр ду.
70 К урачийн дегнаш дерстина, мохь санна,
ткъа аса Хьан товрат-хьехамах зовкх хьоьгу.
71 К ъ аьхьа бала хьегар дика дара суна,
цу бахьанина суна Хьан парзаш Ӏемина дела.
72 К х оччуш дика бу суна Хьан товрат-хьехам,
деших а, детих а дина эзарнаш ахчанал.
Элп «л»
73 Л еррина кхолла а кхоьллина, дӀахӀоттийна со Хьан куьйгаша.Кхетавехьа со – тӀаккха Ӏемар ву со Хьан весеташ лардан.
74 Л арамах Хьуна хьалха буьзнарш со гарх баккхийбийр бу,
хӀунда аьлча со Хьан дашах тешна Ӏаш ву.
75 Л еррина Ахь йина йолу кхелаш бакъ юйла хаьа суна, Веза Эла,
Хьо суна тешаме хиларна, таӀзар а дина Ахьа суна.
76 Л аьа суна Хьан безамах сайна синтем хуьлийла,
Хьан лай волчу суна Ахь чӀагӀо ма йина.
77 Л аьа суна Хьан къинхетамалла суна тӀехь хуьлийла,
тӀаккха дика вехар ву со, Хьан товрат-хьехамах ас зовкх хьоьгу дела.
78 Л аьа суна кура дегнаш дерш
юьхьӀаьржачу хӀуьттийла, хӀунда аьлча
бехк боцуш суна гӀело йо цара.
Со-м Хьан омранийн ойла еш ву.
79 Л аьа суна, Хьуна хьалха ларамах буьзнарш
сайгахьа берзар – Хьан бакъонех кхеташ берш.
80 Л аьа суна сан дог цӀена хуьлийла Хьан парзашна гергахь,
Хьуна гергахь юьхьӀаьржачу ца хӀоттархьама.
Элп «м»
81 М а дешна дӀадаьлла сан са,Ахь со кӀелхьарваккхаре сатийсарна.
Хьан даше сатуьйсу ас.
82 М а дешна дӀадевлла сан бӀаьргаш, Хьан чӀагӀоне сатийсарна.
Ас боху: «Маца бийр бу Ахьа сан синна хьаам?»
83 М а хилла со тишбелла пӀаьлдиг санна,
амма Хьан парзаш суна диц ца делла.
84 М ел ду те Хьан лай волу со Ӏан дезаш долу денош?
Маца йийр ю те Ахьа кхел суна гӀело ечарна?
85 М а дукха оьрнаш даьхна суна кура болчу а,
Хьан товрат-хьехаме ла ца дугӀучу а наха.
86 М а тешаме ду Хьан дерриге а парзаш.
Харцонца ма тӀаьхьабевлла суна, гӀо дехьа суна!
87 М аьӀӀаргона со лаьттара дӀавойура цара,
амма ас Хьан омранаш ца дитира.
88 М еттавалавай, денвехьа со Хьайн безамца,
Ахьа елла бакъонаш соьга ларъяйтархьама.
Элп «н»
89 Н ийсса ду гуттаренна а Хьан дош, Веза Эла,стигалшкахь иза чӀагӀдина лаьтташ ду.
90 Н ехан массо а тӀаьхьенашкахула Хьо тешаме ву.
Ахьа дӀахӀоттийна латта, цундела иза лаьтташ ду.
91 Н исдина лаьтташ ду дерриге а и хӀуманаш тахханалц а Хьан тӀедехкинаршца,
хӀунда аьлча дерриг а хӀума Хьуна гӀуллакх деш ду.
92 Н ицкъболчу Хьан товрат-хьехамах аса зовкх ца хьегнехьара,
баланаш хьегарна, со хӀаллакьхилла хир вара.
93 Н ийсса цкъа а дицдийр дац ас Хьан омранаш,
хӀунда аьлча цаьргахула Ахь со ден ма вина.
94 Н ицкъ ма-кхоччу ас Хьан омранаш лехна дела,
со кӀелхьарваккхахьа, со Хьан ву.
95 Н овкъахь Ӏесачара суна кӀело йо, со вен дагахь,
ткъа аса Хьан бакъонех лаьцна ойланаш йийр ю.
96 Н ийсса доза гинера суна мел айпе доцучун,
амма Хьан весеташ доза доцуш даккхий ду.
Элп «о»
97 О ццул дика болу Хьан товрат-хьехам ма беза суна!Дийнан дохаллехь цунах лаьцна ойла еш ву со.
98 О цу сан мостагӀел хьекъале вина со Хьан весето,
иза массо а хенахь соьца цхьаьна долу дела.
99 О ьзда мел болчу сан хьехамчел а кхетаме хилла со,
хӀунда аьлча Хьан бакъонех лаьцна ойла еш ву со.
100 О нда кхетам болчу къанойл а хӀума хууш ву со,
хӀунда аьлча ас Хьан омранаш лардо.
101 О цу муьлххачу а зуламечу некъах ларбо
аса сайн когаш, Хьан дош лардархьама.
102 О цу Ахьа тӀедиллинчух а ца къехка со,
хӀунда аьлча Ахь-айхьа со Ӏамаво.
103 О ццул мерза ду-кх сан къамкъаргана Хьан дешнаш!
Сан бетана мазал а мерза ду уьш.
104 О цу Хьан омранашкахула кхетам белла суна,
цундела суна ца беза муьлхха а болу харцнекъ.
Элп «п»
105 П айден Хьан дош чиркх санна ду суна,сан тачанехь иза суна серло ю.
106 П айденна долу Хьан нийса тӀедехкинарш
лардан ас, дуй а бууш, чӀагӀо ма йинера.
107 П екъаро санна ас дуккха а гӀело хьегна.
Веза Эла, Хьайн дашца дахар лохьа суна.
108 П аргӀат долчу сан синца сан багара долу сагӀа дӀаэцахьа,
Веза Эла, Хьайн тӀедехкинчарах кхета Ӏамавехьа со.
109 П аргӀат долчу сан дахарна гуттар кхерам а лаьтташ,
амма Хьан товрат-хьехам ас биц ца бо.
110 П аргӀат со ца хилийтархьама, Ӏесачара суна гур боьгӀна,
амма со Хьан омранашна тӀера ца ваьлла.
111 П айда эцарца сан дог самукъа а доккхуш,
массо а ханна Хьан бакъонаш сан долахь ю.
112 П усар дарца сайн дог ас тӀе-ма-дерзийнера
чаккхенга кхаччалц Хьан парзаш лардан.
Элп «р»
113 Р еза вац со кхоччуш тешам боцучарна,ткъа Хьан товрат-хьехам суна беза.
114 Р езахиларца сатуьйсу ас Хьан даше.
Хьо – сан дӀалечкъийла а, сан турс а ду.
115 Р езахиларца сайн Делан весеташ лардойла аса.
ДӀадовла суна уллора, вониг лелош дерш!
116 Р ицкъа хилийтахьа сан Хьайн чӀагӀонца, тӀаккха со вехар ву.
Сан сатийсамехь со юьхьӀаьржачу ма хӀоттавехьа.
117 Р еза суна Хьо хиларо со кӀелхьарвоккхур вара.
Массо а ханна Хьан парзийн Аса тидам бийр бара.
118 Р еза боцуш Хьан парзашна дуьхьалбевлла
лелаш берш массо а Ахь дӀатотту,
хӀунда аьлча церан мекарлонаш эрна ю.
119 Р огӀ-роггӀана лаьттара Ӏесанаш, хатт санна, Ахь дӀабоху,
цундела езаелла суна Хьан бакъонаш.
120 Р аж йоцуш дегош ду сан дегӀ Хьох кхерарна.
Сан дага чу кхерам тесна Ахь йинчу кхелаша.
Элп «с»
121 С о бакъдерг а, нийсо а лелош Ӏийра,ма вахийтахьа со сан мостагӀийн кара.
122 С уна диканна, Хьан лай волчу соьгахьа гӀо а даккхий,
ларвехьа со, курачаьрга гӀелонаш ца йойтуш.
123 С ан бӀаьргаш гӀелделла ду, Ахь кӀелхьарваккхаре хьежарна.
Нийсонца Ахь йина чӀагӀо кхочушъяре хьоьжуш ма ву со.
124 С о лелавехьа, Хьайн безаме хьаьжжина,
со Хьайн парзех а кхетавехьа.
125 С о Хьан лай ву, Ӏамавехьа со,
тӀаккха кхетар ву со Хьан бакъонех.
126 С ийсаз а бохуш, Хьан товрат-хьехам талхорна,
Ахь кхел ян езаш йолу хан тӀекхаьчна, Веза Эла.
127 С уна Хьан весаташ дешил дезаш ду,
ур-атталла цӀеначу дешил сов деза.
128 С айна Ахь тӀе мел дехкина омранаш нийса хеташ ас тӀеоьцу,
муьлхха а харцонца болу некъ суна чӀогӀа ца беза.
Элп «т»
129 Т Ӏех инзаре ю Хьан бакъонаш,цундела царна муьтӀахь ву со.
130 Т Ӏех серло ло Хьан дешнийн дӀаделларо,
муьлхха а хууш воцург кхета а во цо.
131 Т Ӏех дукха Хьан весеташка сатийсарна
гӀаттийначу баганца аса синош доху.
132 Т ам а бехьа суна, къинхетам а бехьа сох,
Хьан цӀе езачарах Айхьа ма-барра.
133 Т ӀечӀагӀбехьа сан когаш Хьайн дашца,
зуламечу хӀумане со кӀел ма витийтахьа.
134 Т Ӏех адамаша ницкъ барх кӀелхьарваккхахьа со,
Хьан омранашна со муьтӀахь хилийтархьама.
135 Т ешамца Хьан юьхь тӀера серло суна лепаехьа,
Хьан парзех со иштта кхетавехьа.
136 Т Ӏех халахетарна сан бӀаьргех хиш оьху,
Хьан товрат-хьехам наха лар ца бо дела.
Элп «у»
137 У ггаре а нийсаниг, Веза Эла, Хьо ма ву,ткъа Хьан тӀедехкинарш бакъ ма ду.
138 У ггаре нийса а, тешаме а ю
Ахьа тӀе мел ехкина бакъонаш.
139 У ллогӀерта цӀе санна, оьгӀазло суна чохь йогуш ю,
хӀунда аьлча сан мостагӀаша дицдо Хьан дешнаш.
140 У ггар зийна ю Ахь йина чӀагӀонаш,
Хьан лай волчу суна уьш езаелла.
141 У ггаре кӀезиг а, нахана дола хеташ а со воллушехь,
аса Хьан омранех цхьа а диц ца до.
142 У ггар дукха ханна Хьан нийсо лаьтташ ю,
ткъа Хьан товрат-хьехам билггал а тешаме бу.
143 У ггар хала бала а, гӀайгӀа а тӀееана суна,
амма Хьан весеташ – суна сакъерадалар ду.
144 У ггар а нийса ю Хьан бакъонаш абаденналц.
Хьехар дехьа суна, тӀаккха со вехар ву.
Элп «х»
145 Х ь оьга, Веза Эла, кхойкху со сайн доллучу даггара.Со дӀахазахьа, ас Ӏалашдийр дара Хьан парзаш.
146 Х ь оьга со кхойкхуш ву. КӀелхьарваккхахьа со,
ткъа Хьан бакъонаш аса Ӏалашйийр яра.
147 Х ь оьга гӀо доьхуш сахиллалц Ӏа со,
Хьан дашах дегайовхо а ю сан.
148 Х ь ан чӀагӀонех лаьцна ойланаш ярхьама,
аса буса сахиллалц бӀаьргаш дӀа ца къовлу.
149 Х ь айн хедар боцучу безаме хьаьжжина, сан озе тидам бехьа,
Веза Эла, Хьайн нийсоне хьаьжжина, сан дахар Ӏалашдехьа!
150 Х Ӏилла лело дагатеснарш тӀегӀоьртина суна,
уьш Хьан товрат-хьехамна генахь бу.
151 Х ь о уллохь ву суна, Веза Эла,
Хьан дерриг а весеташ нийса ду.
152 Х ь ан бакъонех лаьцна дикка хан ю суна хиъна,
уьш Ахьа массо а ханна дӀахӀиттинийла а хаьа суна.
Элп «ч»
153 Ч ӀогӀачу баланехь со хиларе а хьажий, кӀелхьарваккхахьа со,хӀунда аьлча ас биц ца бо Хьан товрат-хьехам.
154 Ч ӀагӀо Айхьа ма-ярра, со кӀелхьарваккхахьа.
Сан къовсам къаста а беш, со паргӀат а ваккхахьа.
155 Ч ӀогӀа генахь бу Ӏесанаш кӀелхьарбахарх,
царна Хьан парзаш кхочушдан ца лаарна.
156 Ч ӀогӀа къинхетаме ву Хьо, Веза Эла.
Хьайн кхел ярца денвехьа со.
157 Ч ӀогӀа дукха бу суна тӀаьхьабевлларш а, мостагӀий а,
амма Хьан бакъонашна со генаваьлла вац.
158 Ч ӀогӀа дог делира сан Хьуна тешаме боцурш ган,
хӀунда аьлча Хьан дош ца лардо цара.
159 Ч ӀогӀа Хьан омранаш суна дезаш хиларе хьажахьа,
Веза Эла, Хьайн безамца денвехьа со.
160 Ч ӀогӀа тешаме бу Хьан дешан бух,
массо а Хьан нийса тӀедехкинарш абаденналц ду.
Элп «ш»
161 Ш аьш бакъ боццушехь, суна тӀаьхьабевлла куьйгалхой,амма сан дог, ларамах а дуьзна, Хьан дош бахьана долуш дегадо.
162 Ш ена йоккха са яьлларг санна,
воккхавеш ву со Хьан чӀагӀонах.
163 Ш еко а йоцуш, ца деза суна харцдерг,
ткъа Хьан товрат-хьехам суна беза.
164 Ш аерг нийса йолу Хьан кхелаш бахьанехь,
дийнахь ворхӀазза хастам бо ас Хьуна.
165 Ш ортта синпаргӀато ю Хьан товрат-хьехам безачийн,
ткъа уьш тасабалийта я галбовлийта хӀумма а дац.
166 Ш еко йоцуш, Ахь кӀелхьарваккхаре дегайовхо ю сан,
Веза Эла, Хьан весеташ а кхочушдо ас.
167 Ш атайпа Хьан бакъонаш сан сино ларйо,
уьш суна Ӏаламат дукха а еза.
168 Ш адерг сан некъаш Хьуна хьалха хиларна,
Хьан омранаш а, бакъонаш а ларйо ас.
Элп «Ӏ»
169 Ӏ азап чуьра ас доккху орцадӀакхочийла Хьоьга, Веза Эла.
Хьайн дашца кхетам лохьа суна.
170 Ӏ ийжаме сан доӀанаш Хьоьга дӀакхочийла.
Хьайн чӀагӀонца со кӀелхьарваккхахьа.
171 Ӏ анор бу сан багано Хьуна хастамаш,
Ахь Хьайн весетех со кхетаво дела
172 Ӏ абарца сан матто дӀакхайкхадойла Хьан дош,
хӀунда аьлча массо а Хьан весеташ нийса ду.
173 Ӏ аламат тешаме долу Хьан куьг суна гӀоьнна хуьлийла,
хӀунда аьлча ас Хьан омранаш кхочушдан хаьржина.
174 Ӏ ебийла Ахь кӀелхьарваккхарх болу сан хьагам,
Хьан товрат-хьехамах со сакъералуш ву.
175 Ӏ ойла сан са Хьуна хастамаш а беш,
Ахьа тӀедехкинарш суна гӀортор санна хуьлийла.
176 Ӏ ахар тила ма-баллара, тилавелла со.
Хьайн ялхо волу со лехахьа, хӀунда аьлча
Хьан весеташ суна диц ца делла.
Copyright information for
CheCAC2012