Psalms 119
ГӀо дар доьхуш долу доӀа
1 ▼▼ Корта 119 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 120.
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Сайна бохам баьллачу дийнахьВезачу Эле орца даьккхира аса,
ткъа Цунна со дӀа а хезира.
2Веза Эла! КӀелхьардаккхахьа сан са
харцлуьйш болчу нехан маттах,
эладита лелочеран харцонах.
3Ва харцонца ледеш дерш!
Дала шуна хӀун дийр ду те?
Цо шуна стенца таӀзар дийр ду те?
4ТӀемалочун ирачу пхарца а,
жӀоламах богуш болчу кӀегаца а
Цо таӀзар дийр ду шуна.
5Бала бу соьгахь машахахой санначарна уллохь вехаш хиларна,
иштта къедархой ▼
▼Машахахой... къедархой – Машахара а, Къедарара а нах диндоцу акха нах санна лоруш бара.
санначеран четаршна юкъахь вехаш хиларна а.6ТӀехдукха ваьхна со
машар ца безачарна юкъахь.
7Со машаре стаг ву,
амма со вистхуьллушехь,
уьш тӀамана кийча хуьлу.
Copyright information for
CheCAC2012