‏ Psalms 12

Делан диканах тешар

1
Корта 12 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 13.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2Кхин а мел ханна хир ду те
Ахьа сан тергам ца бар, Веза Эла?
Кхин а мел Ӏийр ву те Хьо
соьгахьара дӀавирзина, Веза Эла?
3Мел Ӏан деза те сан бала хьоьгуш,
хӀора дийнахь сайн даг чохь болу сингаттам лелош?
Кхин мел хан ер ю те сан мостагӀаша со хьийзош?
4Сан Веза Дела, хьажахьа Хьо соьга,
лохьа суна жоп.
Юхаерзаехьа сан могушалла а,
со велла дӀа ца валийтархьама.
5Ша сол тоьлла ма олийла сан мостагӀчо!
Со эшна аьлла, хаза ма хетийла суна тӀаьхьа бевллачарна.
6Ткъа со Хьан хедар боцучу безамах тешна ву.
Ахьа со кӀелхьарваккхарна,
Сан дог самукъадаьлла хир ду.
Ахь суна динчу диканна,
ас Хьуна иллеш эр ду!
Copyright information for CheCAC2012