Psalms 122
Къинхетам бар доьхуш дина доӀа
1 ▼▼ Корта 122 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 123.
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Хьоьга хьалахьажабо ас сайн ши бӀаьрг,стигалшкара паччахьалла деш Верг!
2Лай шен олахочуьнга ма-хьежжара,
зуда-лай шен зуда-олахочуьнга ма-хьежжара,
вайн Везачу Деле хьоьжуш ду вай,
Цо вайх къинхетам баллалц.
3Къинхетам бехьа тхох, Веза Эла, къинхетам бехьа,
хӀунда аьлча тӀехдукха кхиссарш йора тхуна наха.
4Дуккха а хьийгира оха куранаш тхох кхардар а,
куралла ечара тхо аьшнаш дар а.
Copyright information for
CheCAC2012