Psalms 128
Исраилхойн мостагӀашна дуьхьал долу доӀа
1 ▼▼ Корта 128 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 129.
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. «Жима волуш дуьйна дукха хьийзийна со, –дӀаолийла Исраилан халкъо. –
2Жима волуш дуьйна дукха хьийзийна со,
амма суна тӀехь толам ца баьккхина.
3Сан букъа тӀехь охана дина,
ахархоша деха хершнаш даьхна.
4Амма Веза Эла нийсо лелориг ву:
Ӏесачеран лоллера Цо со паргӀатваьккхира».
5Эхь а хетта, юхабовлийла
Цийон-лам тӀехь лаьтташ долу
Делан цӀа ца дезаш болу берриш а!
6Схьаяккхале якъалуш йолу
тхов тӀера буц санна хуьлда уьш.
7Цу бецах маьрсахочо буй бузур бац,
ткъа цӀов боьхкуш волчо – шен кана.
8Уллохула тӀехбовлучара эр дац:
«Везачу Элан декъалдар шуна тӀехь хуьлийла!
Везачу Элан цӀарца оха декъалдо шу!»
Copyright information for
CheCAC2012