Psalms 13
Адамийн Ӏесалла
(Забур 52)
1 ▼▼ Назма 13 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 14.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Сонтачара шайн дагахь боху: «Дела вац».Ма телхина нах бу уьш,
цара лелориг мел дегаза хӀума ду.
Диканиг дийриг цхьа а вац царах.
2Стигалшкара адамашка
охьахьоьжу Веза Эла,
цхьа а кхетамехь верг а вуй те,
Дела лоьхург а вуй те, Шена гархьама.
3Берриш а нийсачу некъах тилла,
уьш массо а талхарх буьзна.
Царах цхьа а вац диканиг дийриг,
ур-атталла цхьаъ-м вац.
4Кхетаме богӀур болуш а бац те
харцонаш лелош мел берш,
шаьш бепиг дууш санна, сан халкъ дӀакхоллурш,
ткъа Везачу Эле ца кхойкхурш?
5ЦӀеххьана царна тӀе кхерам тосур бу,
Дела Шен лаамехь болчаьргахьа ма ву.
6Декъазчо ечу ойланех шу кхаьрдаш делахь а,
Везачу Эле цо ша лар ма войту!
7Исраилан халкъана кӀелхьардалар
Цийон-лома тӀера догӀур делахьара!
Шен халкъ Везачу Эло юхаметтахӀоттийча,
Якъубан тӀаьхьенан сакъералур дара,
Исраилан халкъан самукъадер дара.
Copyright information for
CheCAC2012