‏ Psalms 13:1-3

Адамийн Ӏесалла

(Забур 52)

1
Назма 13 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 14.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Сонтачара шайн дагахь боху: «Дела вац».
Ма телхина нах бу уьш,
цара лелориг мел дегаза хӀума ду.
Диканиг дийриг цхьа а вац царах.

2Стигалшкара адамашка
охьахьоьжу Веза Эла,
цхьа а кхетамехь верг а вуй те,
Дела лоьхург а вуй те, Шена гархьама.
3Берриш а нийсачу некъах тилла,
уьш массо а талхарх буьзна.
Царах цхьа а вац диканиг дийриг,
ур-атталла цхьаъ-м вац.
Copyright information for CheCAC2012