Psalms 130
Тешаран доӀа
1 ▼▼ Корта 130 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 131.
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Веза Эла! Куралла яц сан даг чохь,дегаллица сан бӀаьргаш ца хьоьжу.
Ас гӀайгӀа ца бо сийлахьчу хӀуманийн а,
со кхетачу тӀех халачу хӀуманийн а.
2Мелхо а, сайн са ас тийна а, синтеме а дина,
ненан некхах дӀадаьккхина бер санна.
Суна чохь долу са хӀинца синтеме ду,
ненан некхах дӀадаьккхина бер санна.
3Ва Исраилан халкъ, Везачу Элах дегайовхо йолуш хуьлийла хьо
хӀинца дуьйна тӀейогӀу йолчу массо а хенахь.
Copyright information for
CheCAC2012