Psalms 131
Делан цӀийнан сийдар
1 ▼▼ Корта 131 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 132.
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Дагаваийтахьа, Веза Эла,Дауд а, цуьнан холчу хӀиттар а,
2цо Везачу Элана чӀагӀо яр а,
Якъубан Нуьцкъалчунна ваӀда дар а:
3«Сайн цӀийнан тхевнна кӀел гӀур вац со,
со Ӏуьллучу метта хьалавер вац со,
4сайн бӀаьргашка наб йойтур яц ас,
сайн бӀаьргийн негӀарш а тӀеттӀа дохуьйтур дац,
5Везачу Элана меттиг суна караяллалц,
Якъубан Нуьцкъалчунна хӀусам хиллалц».
6 bЭпратехь тхо хиллачу хенахь
Делан тӀорказ мичахь ду тхуна хезна,
ЯӀаран аренашкахь тхуна карийна иза.
7Цуьнан хӀусаме а дахана,
Цуьнан когийн кӀелонна
хьалха суждане гӀур ду вай.
8Веза Эла, Хьо Ӏаш волчу метте дӀахӀоттахьа,
Хьо а, Хьан олаллин тӀорказ а.
9Хьан динан дай нийсо тӀеюьйхина хуьлийла.
Хьан долахь берш хазахетарца баккхийбойла.
10Хьайн ялхо волчу Даудан дуьхьа Хьайн юьхь
Айхьа къобалвинчунна тӀера дӀа ма ерзаехьа.
11 cВезачу Эло чӀагӀо йина Даудана,
Ша юхавер воцу ваӀда дина Цо:
«Хьан тӀаьхьенах волчу стагана лур ю Аса
ахь динчу тайпана паччахьалла дар.
12Нагахь хьан кӀенташа Сан барт а,
Ас царна ло бакъонаш а ларъяхь,
церан кӀенташа а гуттар а
ахь динчу тайпана паччахьалла дийр ду».
13ХӀунда аьлча Везачу Эло Цийон хаьржина,
цунах Шен хӀусам ян лиъна Цунна.
14«Иза гуттаренна а Со Ӏийр волу меттиг ю,
кхузара Аса паччахьалла дийр ду,
хӀунда аьлча и меттиг Суна езна.
15Цуьнан сурсаташ Ас чӀогӀа декъалдийр ду,
цуьнан мисканаш кхачанах бузор бу.
16Цуьнан динан дайшна кӀелхьардовлар тӀедухур ду Ас.
Цигара болу Далла тешаменаш хазахетарца баккхийбийр бу.
17 dЦигахь Даудан цӀа Аса сийлахь хуьлуьйтур ду,
Айса къобалвинчунна стогар дӀахӀоттор бу.
18Цуьнан мостагӀий Аса юьхьӀаьржачу хӀиттор бу,
ткъа цуьнан коьрта тӀехь цуьнан таж лепар ду».
Copyright information for
CheCAC2012