Psalms 132
Барт болу дахар
1 ▼▼ Корта 132 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 133.
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Мел дика а, тамехь а дудинан вежаршна бертахь цхьаьна баха!
2Коьрта тӀе а доьттина, АхӀаронан можа тӀехула,
цуьнан бедарийн йистошка охьаоьху деза даьтта санна ду иза.
3Цийон-лаьмнаш тӀе дуьллу Хьермон-ломан тхи санна ду иза.
Цигахь делла халкъана Везачу Эло
Шен декъалдар: хедар доцу дахар.
Copyright information for
CheCAC2012