a 1 Шерашкахь 16:34; 2 Шерашкахь 5:13; 7:3; Ӏезар 3:11; Забур 99:5; 105:1; 106:1; 117:1; Ярми-ЯхӀу 33:11.
f Арадаккхар 12:29.
g Арадаккхар 12:51.
h Арадаккхар 14:21-29.
Psalms 135
Баркаллин назма
1 a ▼▼ Корта 135 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 136.
Баркалла ала Везачу Элана, Иза дика хиларна.Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
2Баркалла ала деланийн Далла –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
3Баркалла ала олалла дечеран Везачу Элана –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
4Баркалла ала Ша инзаре Ӏаламаташ Дечунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
5 cБаркалла ала хьекъалца стигалш Кхоьллинчунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
6 dБаркалла ала Хишна тӀехь латта ЧӀагӀдинчунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
7 eБаркалла ала ши коьрта серло Кхоьллинчунна:
(Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.)
8царах малх дийнан Ӏуналла а деш,
(Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.)
9бутт а, седарчий а буьйсанан Ӏуналла а деш –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
10 fБаркалла ала мисархойн хьалха дуьнен чу девлларш ХӀаллакдинчунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
11 gБаркалла ала Исраилан халкъ Мисар-махкара Арадаьккхинчунна
(Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу)
12нуьцкъалчу куьйгаца а, тӀекховдийначу пхьаьрсаца а –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
13 hБаркалла ала Эрзийн хӀорд Бекъначунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
14Баркалла ала Исраилан халкъ цу юккъехула Чекхдаьккхинчунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
15Баркалла ала пирӀун а, цуьнан эскар а Эрзийн хӀордана чу Кхоьссинчунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
16Баркалла ала Шен халкъ яьссачу арахула Чекхдаьккхинчунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
17Баркалла ала сийлахь паччахьаш Эшийначунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
18Баркалла ала онда паччахьаш Байинчунна:
– Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
19 iЭмархойн паччахь Сихьон а, –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
20 jБашанан паччахь ӀовгӀа а –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
21Баркалла ала церан латтанаш Схьаделлачунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
22Баркалла ала Шен ялхочунна, Исраилан халкъана, уьш Схьакхачийначунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
23Баркалла ала вай эшийна хиллачу хенахь вай Дагадаьхкинчунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
24Баркалла ала вай вешан мостагӀех КӀелхьардаьхначунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
25Баркалла ала муьлххачу а садолчу хӀуманна кхача Лучунна –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу.
26Баркалла ала стигалийн Далла –
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу!
Copyright information for
CheCAC2012