Psalms 137
Далла хастам беш дина доӀа
1 ▼▼ Корта 137 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 138.
Даудан назма. Веза Эла! Доллучу даггара хастам бо ас Хьуна!Стигалийн гуламна хьалха хастаме назманаш олу ас Хьуна!
2Хьан деза цӀа долчухьа охьатаьӀа со!
Хьан хедар боцучу безаман дуьхьа а,
Хьо тешаме хиларан дуьхьа а
хастам бо ас Хьуна,
хӀунда аьлча адамаша Хьан йоккхучу муьлххачу цӀарал а,
лакхадаьккхина Ахь Хьайн дешан сий.
3Аса Хьайга кхойкхучу дийнахь жоп делира Ахь,
ницкъ а белла, сан са чӀагӀдира Ахь.
4Хьан багара долу дешнаш дӀахезча, Веза Эла,
Хьуна хастамаш бийр бу лаьттарчу массо а паччахьаша.
5Хьан некъашна, Веза Эла, иллеш эр ду цара,
хӀунда аьлча доккха ду Хьан сийлалла.
6Хьо лакхахь велахь а, Веза Эла,
лахахь верг а го Хьуна.
Кура верг а геннара вевза Хьуна.
7Нагахь со баланехь хилахь а, Ахь денвийр ву со.
Сан мостагӀийн дераллина Хьайн куьг а тӀехьур ду Ахь.
Хьан аьтту куьйго кӀелхьар а воккхур ву со.
8Лохьа суна, Веза Эла, Айхьа лур ду аьлларг,
Хьан безаман доза ма дац.
Хьайн куьйго кхоьллинарг ма дитахьа, Веза Эла!
Copyright information for
CheCAC2012