‏ Psalms 138

Делан дуьззина долу хаарш а, Цо бо тергам а

1
Корта 138 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 139.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Веза Эла! Ахь со зе а зийна,
Хьуна сох лаьцна дерг дерриг а хаьа.
2Со маца охьахоу а, со маца хьалагӀотту а хаьа Хьуна.
Сан ойланаш а евза Хьуна геннара а.
3Со новкъахула вогӀуш велахь а, я вижина Ӏуьллуш велахь а, уллохь хуьлу Хьо суна.
Со лела массо некъаш а девзаш ду Хьуна.
4Меттан буьххьехь долу сан дош а, ас багах а даккхале,
ма-дарра девза Хьуна, Веза Эла.
5Хьалхахь а, тӀехьахь а, суна массо а агӀор а ву Хьо,
Хьайн куьг а латтадо Ахь суна тӀехь даим.
6Ма инзаре тамашийна ду Хьуна сох хууш мел дерг.
И дерриге а довза сан ницкъ ца кхаччал лекха ду-кх иза.

7Хьан Синах а къаьстина, стенга вер вара со?
Хьан юьхь-дуьхьлара а стенга водур вара со?
8Со стигала хьалаваьлча – цигахь а Хьо ма ву.
Эхарте со кхаьчча – цигахь а Хьо ма ву.
9Нагахь Ӏуьйренан зӀаьнарийн тӀемаш тӀехь со хьалаваьлча а,
я, хӀордан дехьа йисте а ваьлла, малхбузехь со хилча а,
10цигахь а Хьайн куьйгаца лелаво Ахь со,
Хьайн аьтту куьг а кхийдадо Ахь соьга.
11Нагахь: «Бодано хьулвойла со»,
я: «Суна гонах йолчу серлонах бода хуьлийла», – ас аьлча а,
12Ӏаьржачу бодано дӀахьулвийр вац со Хьох.
Хьуна-м Ӏаьржа бода а сирла серло санна бу.

13ХӀунда аьлча, Веза Эла, суна чохь мел долу хӀума а Ахь кхоьллина ма ду.
Ахь со, вовшах а тесна, сан ненан кийрахь кхоьллина ма ву.
14Ас хастам бо Хьуна, инзаре тамашийна Ахь со кхолларна.
Хьан гӀуллакхаш тамашийна ду.
Сан синна иза чӀогӀа дика хаьа.
15Хьох къайла ца делира сан даьӀахкийн хӀоттар,
со къайлаха, лаьттан кийрахь волуш санна, кхоллалуш.
16Хьан бӀаьргашна гуш ма вара со дуьнен чу а валале.
Хьан тептар тӀехь дӀаяздина ду
Ахь суна билгалдаьхна долу дерриг а сан дахаран денош,
уьш цхьа а дола а далале.
17Мел еза ю суна, Дела, ерриг а Хьан ойланаш,
мел дукха а ю-кха уьш!
18Уьш дерриг дагардан со воьлча, уьш гӀамарел а совдевр ду.
Ткъа набарх самаваьлча, со Хьоьца караво суна.

19Ва Дела, харцонаш лелош берш Ахь хӀаллакбахьара!
ЦӀий Ӏанор дезаш дерш, суна уллора шу дӀадовла!
20Сийсаза хабарш дуьйцу цара Хьуна дуьхьал.
Хьан мостагӀаша Хьуна дуьхьал эрна хӀуманаш дуьйцу.
21Веза Эла, Хьоьца мостагӀалла дерш ца безаш хир вац ткъа со?
Хьуна дуьхьал болчех дог дер дац ткъа сан?
22Боккха цабезам бу сан цаьрга.
Уьш мостагӀий а бу сан.

23Таллахьа Ахь со, Дела, сан дог а довзахьа.
Зехьа Ахь со, Дела, сан ойланаш а йовзахьа.
24Со харц некъа тӀе ваьллий толлуш, соьга Хьо схьахьажахьа.
Хедар боцучу дахаран некъа тӀе Ахьа со ваккхахьа.
Copyright information for CheCAC2012