Psalms 139
Ӏесачу нахах лардарх долу дехар
1 ▼▼ Корта 139 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 140.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. 2Веза Эла, кӀелхьарваккхахьа со вочу нахах,ницкъ бечу адамех ларвехьа со.
3Шайн дегнашкахь уьш вон ойланаш еш бу,
дерриг а дийнахь уьш девнаш дохуш бу.
4 bЛаьхьанан мотт санна, ирбо цара шайн мотт.
Лаьхьарчийн дӀовш ду церан багахь.
5Ларвехьа со, Веза Эла, Ӏесачу нехан куьйгах.
Сан когаш тасабалийта гӀерташ болчу
ницкъ бечарах Ӏалашвехьа со.
6Курачара суна гураш а, речӀанаш а хӀиттийна,
новкъа тӀе бой а тесна цара,
со лаца хӀуманаш охьаехкина.
7Ас олу Везачу Эле: «Хьо сан Дела ву!
Веза Эла, дӀахазахьа сан доӀанаш!»
8Ва сан Хьалдолу Эла, сан кӀелхьарваларан ницкъ,
тӀом бечу дийнахь сан корта Ахь Ӏалаш ма бина!
9Веза Эла, Ӏесачунна луург ма хилийтахьа,
цуьнан вон ойланаш кхочуш ма хилийтахьа,
уьш кура ца бовлийтархьама.
10Суна гонах болчеран коьрта тӀе дужийла
церан багара долуш долу вониг.
11Догуш долу кӀегий оьгийла царна тӀе,
цӀерга кхуьссийла уьш,
кӀоргачу Ӏин чу оьгийла уьш,
кхин хьала а ца бовлуш.
12Вон мотт берш махкахь чӀагӀбина ма хуьлийла.
Ницкъ берш, бохам а бина, хӀаллакбина хуьлийла.
13Суна хаьа, Везачу Эло гӀело хьоьгучеран
къовсам а къастор бу, пекъарна нийсо а хуьлуьйтур юйла.
14Хьан лаамехь болчара Хьан цӀе хастор ю,
цӀена берш Хьуна хьалха бехаш хир бу.
Copyright information for
CheCAC2012