Psalms 14
Далла лууш дерг
1 a ▼▼ Корта 14 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 15.
Даудан назма. Веза Эла! Хьан хӀусамехь Ӏан хьенан ю бакъо?Хьан безачу лома тӀехь ваха хьенан ю бакъо?
2Иза дан бакъо ю, цӀеначу новкъахула а лелаш,
бакъахьараниг а деш, даггара
билггал бакъдерг олуш волчун.
3Иза дан бакъо ю, цхьанна а мотт а ца бетташ,
шена тешаме волчунна зуламе дерг а ца деш,
шен уллораниг емал а ца веш волчун.
4Иза дан бакъо ю, Везачу Эло дӀатеснарг бӀаьрга ван а ца везаш,
амма Везачу Элах кхоьруш болчеран сийдеш волчун.
Шена цунах зен хилахь а, ша цунна хьалха чӀагӀо йинехь,
шен дашана тӀера волуш воцучун.
5Иза дан бакъо ю, шен дети совдаккхархьама,
иза духалург луш воцучун а,
бехке воцучух кхаьънаш схьаоьцуш воцучун а.
Цу тайпана лелаш верг
даима а лаьттар ву.
Copyright information for
CheCAC2012