‏ Psalms 140

Суьйренан доӀа

1
Корта 140 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 141.
Даудан назма. Веза Эла! Хьоьга кхойкху ас, сихлохьа суна тӀекхача,
ас Хьайга кхойкхучу хенахь, сан озе ладогӀахьа.
2 b Хаза хьожа йогӀу хӀума санна, сан доӀа Хьуна хьалха хуьлийла,
куьйгаш аса айар Хьуна доккху суьйренан сагӀа санна хуьлийла.

3Веза Эла, сан бете ха хӀоттадехьа,
сан балдийн неӀарехь гӀарол дехьа.
4Вониг даран ойланаш ма яхкийтахьа сан даг чу,
харцонаш лелочу адамашца цхьаьна
зуламе гӀуллакхаш дарх генаваккхахьа со.
Церан тойнашкахь ма хилийтахьа со.

5Дикачу стага суна таӀзар дойла – иза безам хиларца ду.
Цо со нисвойла – сан коьртана долу даьтта иза ду.
Сан корта цунах дӀа ма къаьхкийла!
Ткъа сан доӀанаш гуттар а Ӏесачеран зуламна дуьхьал ду.
6Церан тхьамданаш тархашна тӀера чукхуьссучу хенахь,
нахана хуур ду сан дешнаш бакъ дуйла.
7Цхьаммо латта охуш а, доькъуш а санна,
вайн даьӀахкаш а дӀасакхиссина ю,
эхартан баганна уллохь а Ӏохкуш.

8Амма, сан Хьалдолу Эла, Хьуна тӀе хьажийна бу сан бӀаьргаш.
Хьоьгахула со ларвеш ву, дӀа ма тасалахь сан са!
9Суна йоьгӀначу речӀанех а,
харцонаш лелочеран гурех а ларвехьа со.
10Ӏеса нах шайн речӀанаша лоьцийла,
ткъа со маьрша дехьаволийла.
Copyright information for CheCAC2012