Psalms 144
Хастаман абат
1 ▼▼ Корта 144 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 145.
Даудан хастаман назма. А с ▼▼ХӀара назма абатан кепехь ю. Хьовса: Забур 24.
хастор ву Хьо, сан Паччахь волу Дела.Хьан цӀе декъалйийр ю ас массо а хенахь.
2 Б илггал, хӀора дийнахь Хьо декъал а веш,
Хьан цӀе хестор ю ас ерриге а тӀейогӀучу хенахь.
3 В еза Эла сийлахь ву, Иза хасто хьакъ ву,
Цуьнан сийлаллех дерг хуур дац.
4 Г уттар а тӀаьхьено тӀаьхьенна Хьан гӀуллакхаш а хестор ду,
цара Хьан ницкъах лаьцна а дуьйцур ду.
5 Д уьйцур ду аса Хьан доккхачу сийлаллин барамах.
Хьан инзаречу гӀуллакхех лаьцна ойла йийр ю ас.
6 Е рриге а тӀейогӀучу хенахь Хьан инзаречу гӀуллакхийн нуьцкъалаллех дуьйцур ду наха,
ткъа ас Хьо сийлахь хилар кхайкхор ду.
7 З урма а локхуш, Хьан нийсо хастор ю,
Хьан сийлахьа дикалла а ойур ю цара.
8 И штта дика ойла йолуш а, къинхетаме а ву Веза Эла,
атта оьгӀаз а ца воьдуш, боккха безам а болуш.
9 К ъинхетаме ву Веза Эла дерриге а Ша кхоьллинчуьнца.
Массаьрца а дика ву Иза.
10 Л аьттара Ахьа мел кхоьллинчо хеставо Хьо, Веза Эла,
Хьуна тешамечу наха декъалво Хьо.
11 М ел дукха дуьйцур ду цара Хьан нуьцкъалаллех лаьцна,
Хьан паччахьаллин сийлаллех лаьцна а кхайкхор ду цара,
12 Н ахана массарна а Хьан ницкъ а,
Хьан паччахьаллин сийлалла а довзийта.
13 О лалла Хьан хедар доцу олалла ду,
Хьан паччахьалла тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка ду.
П айде ду Цуьнан массо а дешнех тешар.
Дерриге а Шен гӀуллакхашкахь тешаме ву Иза.
14 С еттинарш гӀиттабо Везачу Эло,
ткъа гӀорасиза бисинчарна гӀо до Цо.
15 Т ап-аьлла массеран а бӀаьргаш Хьуна тӀе хьажийна бу,
Ахь царна шен хеннахь кхача ло.
16 У ьш массо а вузаво Ахь,
Хьайн куьйгаш схьадиллича.
17 Х ьо массо а некъаш тӀехь нийса ву, Веза Эла,
массо а гӀуллакхаш тӀехь безаме а ву.
18 Ц Ӏеначу даггара Шега кхойкхучарна,
массарна уллохь ву Веза Эла.
19 Ч ӀогӀа ларам Шега болчеран лаам Цо кхочушбо,
церан мохь а хезий, уьш кӀелхьарбоху.
20 Ш а везаш берш Ӏалашбо Везачу Эло,
ткъа харцо лелораш массо а хӀаллакбо.
21 Ӏ аббалц ас Везачу Элана хастам бийр бу.
ХӀораммо а Цуьнан еза цӀе хестайойла массо а хенахь.
Copyright information for
CheCAC2012