Psalms 145
Деле сатийсар
1 ▼▼ Корта 145 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 146.
Хастам бу Везачу Элана! Сан са, хаставе Веза Эла.2Со мел веха, Везачу Элана иллеш эр ду ас,
иштта сайн Далла хастамаш беш а хир ву со, айса хан мел йоккху.
3Элех теший ма Ӏелаш,
адамах бӀобулий ма хилалаш,
хьо кӀелхьарваккха йиш ма яц церан.
4Шена чуьра са дӀадаьлча, стаг лаьтте воьрзу.
Цу дийнахь цуьнан дог-ойланаш а дӀайовлу.
5Ирс долуш ву шен гӀоьнча Якъубан Дела верг,
шен Везачу Делах бӀобулуш верг.
6 bЦу Дала кхоьллина стигал а, латта а,
хӀорд а, царна чохь мел дерг а.
Цо гуттар а ларбо тешам,
7халахетар хиллачарна гӀо до,
мецачарна кхача ло.
Везачу Эло тутмакхаш мукъабоху,
8Везачу Эло бӀаьрзечарна са гойту,
Везачу Эло дахаран халонаша охьатаӀийнарш дӀанисбо,
Везачу Элана Делан лаамехь берш беза.
9Везачу Эло тӀебаьхкина нах Ӏалашбо,
буона а, йисна Ӏачунна а гӀо до,
харцо лелош болчеран некъ бухахьабоккху.
10Веза Эла гуттар а паччахьалла деш хир ву,
хьан Дела, ва Цийон, тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашкахь Паччахь хир ву.
Везачу Элана хастам бе.
Copyright information for
CheCAC2012