Psalms 146
Делан возаллех лаьцна назма
1 ▼▼ Корта 146 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 147:1-11.
Везачу Элана бу хастам!ХӀаъ, ма дика ду вайн Далла назма алар!ХӀаъ, ма тамехь а, оьзда а ду Иза хастор!
2Веза Эла Ярушалайм дӀахӀоттош ву,
махках баьхна исраилхой схьагулбеш ву.
3Дог доьхначарна дарба деш ву Иза,
церан чевнаш йоьхкуш ву.
4Седарчийн дукхалла билгалйоккху Цо,
царна массарна а шайн цӀераш ло Цо.
5Сийлахь ву вайн Хьалдолу Эла,
Ӏаламат боккха бу Цуьнан ницкъ,
барам бац Цуьнан хьекъалан.
6Шаьш лахара хеташ берш хьалаойу Везачу Эло,
ткъа Ӏесанаш лаьтта кхаччалц охьатаӀабо.
7Баркаллица Везачу Элана назманаш ала.
Вайн Далла дечиг-пондарш тӀехь эшарш лакха.
8Цо стигал мархашца дӀакъовлу,
лаьттана догӀа хуьлуьйту,
гунаш тӀехь буц хьалайолуьйту.
9Цо бежанашна кхача латтабо,
уьш кхайкхича, къийган кӀорнешна а юург ло.
10Гила-динан ницкъах дезар а ца оьцу Везачу Эло,
тӀемалойн майраллех зовкх а ца хьоьгу Цо.
11Мелхо а, Цунна хьалха ларамах буьзнарш а,
Цуьнан безаме сатуьйсурш а Цунна тамехь бу.
Copyright information for
CheCAC2012