‏ Psalms 148

Дерриг дуьнено а Везачу Элана хастамаш бойла

1Хастам бу Везачу Элана!

Хаставейша Веза Эла стигалшкара,
хаставейша Иза стигалан лакхенашкара.
2Хаставейша Иза Цуьнан дерриге а маликаша,
хаставейша Иза Цуьнан дерриге а эскаро.

3Хаставейша Иза малхо а, батто а,
хаставейша Иза дерриге а лепачу седарчаша а.
4Хаставейша Иза уггар лекхачу стигалша а,
иштта хӀаваан тӀехула долчу хиша а.

5Хастайойла цара Везачу Элан цӀе, хӀунда аьлча
Цо омра дира, ткъа уьш кхоллаелира.
6Абаденналц уьш дӀахӀиттийна Цо.
Цкъа а дӀадовр доцу парз дина Цо.

7Хаставейша Веза Эла лаьттара хьала,
хӀорда чуьра саьрмикаша а, хин массо а кӀоргенаша а,
8стелахаьштиго а, къорано а, лоно а, мархаша а,
Цуьнан дош кхочушдеш болчу чехкачу мохо а,
9лаьмнаша а, массо гунаша а,
массо стом луш долчу дитташа а,
дерриге баганан дитташа а,
10акхароша а, муьлххачу даьхнино а,
лаьттарчу текхаргаша а, тӀемаш долчу олхазарша а,
11лаьттарчу паччахьаша а, массо а къаьмнаша а,
элаша а, лаьттарчу массо а тхьамданаша а,
12къонахоша а, йоӀарша а,
баккхийчара а, бераша а.

13Хастайойла цара Везачу Элан цӀе, хӀунда аьлча
Цуьнан цхьаннан цӀе ю хьалаяьккхина,
Цуьнан сийлалла ю лаьттана а, стигалшна а тӀехула.
14Цо Шен халкъ, маӀа санна, нуьцкъала хилийтира,
хастамаш бан бахьана хӀоттийра Шена тешаме мел болчарна –
Шена уллора халкъ долчу исраилхошна.

Хастам бу Везачу Элана!
Copyright information for CheCAC2012