‏ Psalms 150

Хастамаш бе Везачу Элана

1Хастам бу Везачу Элана!

Хастамаш бе Шен дезачу цӀа чохь волчу Далла,
хастамаш бе Шен ондачу стигалшкахь волчу Цунна.
2Хастамаш бе Цунна Цуьнан сийлахьчу гӀуллакхийн дуьхьа,
хастамаш бе Цунна Цуьнан чӀогӀачу возаллин дуьхьа.

3Хастамаш бе Цунна турбин озаца,
хастамаш бе Цунна тайп-тайпанчу мерз-пондаршца.
4Хастамаш бе Цунна жиргӀанашца а, хелхаршца а,
хастамаш бе Цунна дечиг-пондаршца а, шедагашца а.
5Хастамаш бе Цунна шина а куьйгаца тӀедетташ долчу негӀаршца,
хастамаш бе Цунна зевнечу цӀастанан негӀаршца.
6Хаставойла Веза Эла садаӀар мел долчу хӀумано.
Хастам бу Везачу Элана!
Copyright information for CheCAC2012