‏ Psalms 2

Дала къобалвина паччахь

1 aХийрачу мехкашкара нах карзах хӀунда буьйлу?
Цахиндерг халкъаша дага хӀунда лаьцна?
2Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу,
лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу,
Везачу Элана дуьхьал а бевлла,
Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара.
3Цара боху: «Хедийна, дӀадохур вай ваьшна тӀера церан буржалш,
церан олаллех паргӀатдевр вай!»

4Амма стигалара Дела воьлуш ву цу адамех,
Хьалдолчу Эло сийсазбохуш бу уьш.
5ТӀаккха Шен дераллица уьш чӀогӀа кхерийна,
Цо, оьгӀаз а вахана, цаьрга дӀахьедийр ду:
6«Ас къобалвина Сайн паччахь Цийон-лам тӀехь,
Сайн безачу лам тӀехь».

7 b
Везачу Эло билгалдаьккхинарг дӀакхайкхор ду оцу паччахьо,
Цо аьлларг иштта ду:
«Хьо Сан кӀант ву,
тахана Хьан Да хили Сох.
8Деха соьга, тӀаккха Ас лур ду хьуна тӀаьхьалонна халкъаш а,
хьан долахь хилийта дерриг а латта а, цуьнан йистошка кхаччалц.
9 cАхь эгор ду и халкъаш аьчкан гӀожаца,
отур ду уьш, кхийра пхьегӀа санна».

10Кхетийша, паччахьаш!
Ӏамийша, дуьненан куьйгалхой!
11Везачу Элана Ӏамалъейша кхерарца,
даккхийдейша шайн дегнаш дегорца!
12Ларийша кӀант, Иза оьгӀаз ца вахийтархьама а,
шаьш хӀаллак ца дайтархьама а шайн новкъахь.
Цуьнан оьгӀазвахар цӀеххьана чӀагӀлур ду.

Декъала бу Цуьнга шаьш ларбойтурш массо а!
Copyright information for CheCAC2012