‏ Psalms 20

Баьккхинчу толамна хастам бар

1
Корта 20 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 21.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2Веза Эла! Хьо нуьцкъала хиларна самукъадаьлла ву паччахь,
Ахь толам баккхийтарна барам боцуш хазахетта ву иза.
3Цуьнан дагна лиънарг делла Ахь цунна,
цуьнан бето дехнарг дӀа а ца теттира Ахьа.

4ХӀунда аьлча диканна декъалварца дуьхьалвеара Хьо цунна,
цӀеначу деших дина таж диллира Ахь цуьнан коьрта тӀе.
5Цо дахар далар дийхира Хьоьга,
Ахьа абаделлалц хан яхйира цуьнан.
6Деза ду цуьнан сийлалла Ахь толам баккхийтарна.
Ахь ларам а белла цунна, сийлахь хилар а делла.
7Абаделлалц Хьайн декъалалла делла Ахь цунна.
Хьо цуьнца хиларна, хазахетарца самукъадаьккхина Ахь цуьнан.

8ХӀунда аьлча паччахь Везачу Элах тешна ву,
Веза Воккхачун хедар боцучу безамах шеко а яц цуьнан.
9Хьан куьйгана карор бу берриг Хьан мостагӀий,
Хьан кара гӀур ма бу массо Хьо цавезарш.
10Хьо оьгӀазвахча, йогучу пешах тарбийр бу Ахь уьш.
Ша оьгӀазваханчохь Везачу Эло хӀаллакбийр бу уьш,
цӀеро буур бу уьш.
11Лаьттара церан тӀаьхье а хӀаллакйийр ю Ахьа,
адамийн кӀенташна юкъара церан хӀу а дойур ду Ахьа.
12ХӀунда аьлча цара Хьуна дуьхьал зулам а даьккхира,
вон Ӏалашонаш а хӀиттийра,
амма уьш кхочуш ца янъелира цаьрга.
13ТӀаккха цаьрга баккъаш берзабойтур бу Ахь.
Хьайн секхаӀодаца пхерчий кхуьссур ду Ахьа царна тӀе.

14Оха лакхавоккху Хьо, Веза Эла, Хьо нуьцкъала хиларна.
Оха хастор ву Хьо иллешкахь
Хьан сийлахь гӀуллакхаш бахьанехь.
Copyright information for CheCAC2012