‏ Psalms 21

Ӏазапехь а хилла, Далла хастам бар

1
Корта 21 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 22.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Сатасаран сай» олучу мукъамехь ала езаш ю хӀара Даудан назма.

2 bСан Дела! Ва сан Дела! Со хӀунда вити Ахьа?
Ас чӀогӀа орца даьккхинехь а,
сан кӀелхьарвалар генахь ду суна.
3Дийнахь кхойкху со Хьоьга, сан Дела,
Ахьа суна жоп-м ца ло.
Буьйсанна а кхойкху со,
амма сан синтем бац.

4Ткъа Хьо Везаниг ву,
Хьан Ӏарш Исраилан
хастамаш тӀехь лаьтташ ю.
5Хьох тешаш хилла тхан дай.
Уьш, теша а тешна, Ахьа кӀелхьарбохура.
6Хьоьга кхойкхура цара – уьш кӀелхьара а бовлура.
Уьш Хьох тешара, цундела юьхьӀаьржачу а ца хӀуьттура.

7Ткъа со-м, адам а доцуш, нӀаьна санна ву.
Адамийн дог долу сох,
халкъана дегаза хета со.
8 cСо гуш болу берриш а кхаьрда сох.
Цара, кортош а лестош, кхиссарш йо:
9 d«Везачу Элах тешна ма вара иза –
Цо иза кӀелхьарваккха веза-кх.
Везачу Эло иза паргӀатвоккхийла,
Ша цунна реза велахь».

10Ткъа со ненан кийрара схьаваьккхина Ахьа.
Сайн ненан некхера дуьйна со маьршавоккхура Ахьа.
11Со дуьнен чу ваьллачу хенахь дуьйна
Хьуна дӀавелла вара со.
Сайн ненан кийрахь со хиллачу хенахь дуьйна
Хьо Дела ву сан.

12Суна гена ма валахь, хӀунда аьлча
тӀебогӀу бала гергахь бу,
ткъа гӀодийриг вац сан.
13Алссам йолчу старгӀанаша го бина суна.
Башанерачу стерчаша го лаьцна сан.
14Ижунах а хьаьгна, гӀам-гӀим дечу лоьмо санна,
суна тӀе шайн баганаш гӀаттийна цара.

15Со, хи санна, Ӏана вахана.
Ерриг а даьӀахкаш вовшахъевлла сан.
Дог, балоз санна а хилла,
кхерамна кийрахь дешна дӀадаьлла сан.
16Сан ницкъ, шовда санна, лекъна, дегӀера дӀабаьлла,
сан багара мотт а къамкъаргах дӀалетта.
Со Ӏожаллин чене дӀавуьллу Ахь.

17ЖӀаьлех тарбеллачу наха го бина суна,
буьрсачу арданго го лаьцна сан.
Цара цергаш чекхъяьхна
сан куьйгех а, когех а.
18Ерриге а даьӀахкаш ягаръялур ю сан.
Нах, суна тӀе а хьоьжуш, боьлу сох.
19 eЦара вовшашлахь йоькъу сан тӀеюху хӀуманаш,
кхаж а тосу цара, сан коч хьанна кхочу хьожуш.

20Ткъа Хьо, Веза Эла, генахь ма хилахьа суна.
Хьоьгара бу сан ницкъ, гӀоьнна волахьа суна.
21Туьрах кӀелхьардаккхахьа сан са,
жӀаьлех а кӀелхьардаккхахьа сан дахар.
22Лоьман бага вахарх кӀелхьарваккхахьа со,
акхачу бугӀанан маӀех ларвехьа со.
Ахь суна жоп ма делла!

23 fХьан цӀе сайн вежаршна кхайкхор ю аса.
Динан гуламехь Хьуна хастам бийр бу аса.
24Везачу Элах кхоьруш дерш! Хастамаш бе Цунна.
Якъубан дерриг а хӀу! Сийде Цуьнан.
Исраилан ерриг а тӀаьхье! Цунна хьалха ларамах юьзна хила.

25ХӀунда аьлча декъазаниг Цунна дегаза а ца хетара,
цуьнан баланех Везачу Элан дог а ца делира.
Шен юьхь къайла а ца яьккхира Цо цунах,
амма, иза Шега кхайкхича, дӀахезира Везачу Элана.

26Боккхачу гуламехь Хьуна лерина хастамаш бо аса.
Цунах кхоьруш болчарна хьалха сайн ваӀданаш кхочушдийр ду аса.
27Къечара шаьш буззалц юур ю.
Иза лоьхучара Везачу Элана хастамаш бийр бу.
Шу абаденналц а дехийла!

28Дуьненан массо а маьӀӀера адамаш,
Иза къобал а вина, Везачу Элана тӀедоьрзур ду.
Массо а къаьмнийн болчу доьзалша,
охьа а таьӀна, Цунна Ӏибадат дийр ду.
29ХӀунда аьлча Везачу Элан ду паччахьалла.
Цо дерриге а къаьмнашна тӀехь олалла до.

30Лаьттахь токхо а йолуш Ӏаш болчара,
Цунна Ӏибадат а деш, сагӀа дуур ду.
Коше а кхаьчна, чан хилларг а,
дахар лардар шен карахь доцург а –
массо а Цунна хьалха суждане гӀур ву.

31Хинйолу тӀаьхье Цунна Ӏамал еш хир ю.
Ткъа цара шайн берашка Везачу Элах лаьцна дуьйцур ду.
32Схьа а баьхкина, Цо лелийначу нийсонах лаьцна дуьйцур ду,
дуьнен чу девр долчу адамашна Цо кхочушдинчух лаьцна дуьйцур ду.
Copyright information for CheCAC2012