Psalms 22
Веза Эла сан Ӏу ву
1 ▼▼ Корта 22 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 23.
Даудан назма. Веза Эла сан Ӏу ву.Суна мел оьшуш дерг хир ду сан.
2 bЦо сийначу бай тӀехь дӀа а вижаво,
тийначу хи тӀе а вуьгу со.
3Сан синна ницкъ а луш,
Шен цӀеран дуьхьа со нийсачу новкъа воккху Цо.
4Ӏожаллин ӀиндагӀ долчу тогӀи чухула со дӀагӀахь а,
вонах кхоьрур вац со,
хӀунда аьлча Хьо соьца ву.
Хьан некъан Ӏасано синтем ло суна.
5Сан мостагӀашна а гуш,
суна хьалха кхача биллина Ахь.
Сан коьртах даьтта хьаькхна Ахь.
Сан кад а тӀех буьзна бу.
6Дикалла а, безам а хуьлийла соьца сан дахаран дерриг а деношкахь,
тӀаккха Везачу Элан цӀа чохь сайн тӀейогӀу хан чекхйоккхур ю ас.
Copyright information for
CheCAC2012